Ха деш шена гIароле хIиттийначу полисхойх ведда волу зударшкара кхерамца ахча даккхагӀиртина Альтемирова Iийса велла схьалоцуш. Низамаш лардечу органаша бинчу хаамца, иза тIекIелдинчу цIийнан пхоьалгIачу тIегIантIера корех чуиккхина ша схьалоцуш.
ДIадаханчу кIиранах Несарахь хан туьйхира 47 шо долчу Альтемиров Хьасанна. Шен вешица Iийсаца а, кхечу, талламхоша дийцарехь, муьлш бу ца хуучу нахаца а цхьана ахчанаш дохуш хилла иза меттигерчу зударшкара. Марехь болчу зударшкара цхьаъ доккхий царна шантаж лелош хилла цу наха, шаьш видео а, сурташ а интернетехь даржор ду бохуш кхерамаш туьйсуш.
38 шо долу Альтемиров Iийса суьде вуьгуш шен конвойх ведира стохка ГIадужу-баттахь.