ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шамановс ма-аллара, къизалла а гайтина, совцо безаш хиллера..."


"Мемориало" Котар-Юьртах яьккхинчу кино юккъерчу суьртан скриншот
"Мемориало" Котар-Юьртах яьккхинчу кино юккъерчу суьртан скриншот

20 шо хьалха Нохчийчуьрчу Котар-юьртахь бомбанаш еттарх дийцира бакъонашларъяран "Мемориал" центрехь.

2000-чу шарахь Соьлжа-гIалара ара а бевлла, лаьмнашкахьа бирзира нохчийн тIемалой. Оьрсийн буьйранчаша "кхерамзаллан зона" леринчу Котар-юьртахула некъ биллира цара. ТIемалой юьрта чубахначул тIаьхьа бомбанаш етта йолийра оьрсийн авиацино. 25 эзар гергга маьрша бахархой а, бевдда баьхкина мухIажирш а бара цигахь дIатарбелла.

"Мемориалан" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра билгалдаьккхира, "боккха аьтто" хилла шайн, "нохчийн тIемалой хIаллакбина" аьлла, дIакхайкхйира Оьрсийчоьно хIетахьлера операцех дуьйцуш аьлла. Ткъа уллора хьаьжча, кхеташ дара – "ирча зулам" а, "адамаш дайина йоккха трагеди" и хилар а.

Амма, боху Черкасовс, кхеташ дара: нийсо толо атта хир доцийла.

"Уьш (тIемалой) чубаьхкича, го къевлира…Кхин дIа хIу хилира? Адам ара ца долуьйту юрт мел ю хIиттийначу блокпостех, юьртара арадовла деза аьлла, я бахархошка беш хаам бацара. ТIаккха тохарш доладора. ЖамIаш муха дара - гIаттамхой лаьмнашка дIабирзира. Муха тида деза эскарша динарг? "Мила ву бехке" аьлла хаттар Iедалхошна а, Европерчу адамийн бакъонийн кхелана (ЕСПЧ) хьалха хIоттийра оха", - дийцина Черкасовс.

Дуьненаюкъарчу бакъонашIалашъяран "Агора" тобан куьйгалхочо Коротеев Кирилла бахарехь, ЕСПЧ-н кхеле бина латкъамаш бахьана долуш аьтто баьлла хIетахьлерачу операцех дуккха а керланиг хаа.

"Оьрсийчоьнан таллам мел зене хиллехь а, цара оцу гIуллакхна тIехула лебина дуккха а эпсарш. Страсбургерчу кхеле а кхачийна оцу шаьш динчу хеттарийн жамIаш, шаьш теллира гIуллакх алархьама. Диттинчу герзех информаци а чуелла хилла кхеле, ю цу тептарехь авиацин ФАБ-250 а, ФАБ-500 а бомбанаш", - хаамбина Коротеевс.

Оьрсийчоьнан Iедало лелийначух шога дIахьедар дина ЕСПЧ-н кхело, боху Коротеевс. "ЦIеххьана йолийна операци яцара иза", "адам дехачу меттигехь бен-башха а доцуш герз деттар дуьненаюкъарчу низамашца догIуш дац" аьлла, билгалдаьккхинера кхелахоша.

"Мемориалан" офисехь Котар-Юьртах дагалоьцуш бу
"Мемориалан" офисехь Котар-Юьртах дагалоьцуш бу

Котыр-юьртан хьокъехь шаьш бина дуьххьарлера сацам бовзийтира ЕСПЧ-н суьдхоша 2005-чу шарахь, шолгIа – 2010-чохь, рогIера – 2015-чу шарахь. Хан юккъе а йолуьйтуш, таро хилира Страсбурган талламбар маьIне хилийта.

"Кхело дIакхайкхийна: '2005-чу шарахь сацамбинера оха, ткъа хIинца гуш дерг хIу ду? Тхуна гуш ду, бехкенаш къасторхьама талламаш беш цахилар, тхан жамIаш нийса дац алархьама хьийзаш бу уьш'",- аьлла Коротеевс.

Цо бахарехь, трагеди шайн бехках хилла ю аьлла, Оьрсийчоьнан Iедало жоьпалла тIе лоцуш цахиларна, Котар-юьртахь къемат лайначийн аьтто ца хилла компенсаци эца а, я психологин гIо кхача а.

"Хиллачух дина жамIаш дац, - билгалдоккху 'Агоран' векало. – И бохург хIу ду, оьрсийн эскарша герз лелорехь бина хийцамаш бац, тIемалой кечбаран практика а хийцаза ю, цундела Котар-юьртахь хилларг лелош ду Оьрсийчоьно кхечу пачхьалкхашкахь а - Гуьржийчохь а, Украинехь а, Шемахь а".

Инарлашна хьалха хIинца а талламчаша хIиттийна хеттарш дац: "ТIемалой юьрта чукхачале хIунда ца совцийра аша?", "Цхьа Iалашо а лаьцна, хIунда чубитира нохчийн тIемалой "кхерамзаллин зона" аьлла, къастийначу эвла?", - бохуш, хеттаршка вуьйлу адвокат Ицлаев Докка.

Ицлаев тешна ву, "партизанийн тIом кхи ца хилийтархьама, тIемалошна гIо ца латтадайтархьама гайтина къизаллин урок яра иза" аьлла.

"Инарлас Шамановс ма-аллара, къизалла а гайтина, шайна дуьхьало ечуьра совцорхьама", - аьлла, ЕСПЧ-н кхелахошка дIакхачийначу материалаш юкъара Шамановн дешнаш далийна Ицлаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG