ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь Толаман де даздеш Москва ваха дагахь вац президент Трамп


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 9-хь Томан де даздеш Москва гIур вац Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд. Цу хьокъехь хаам дIабелла Оьрсийчоьне цуьнан администрацино.

Цунах лаьцна журналисташка хаийтина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран зорбан секретаро Песков Дмитрийс.

Кремлехь ца хаьа хин долчу даздаршкахь дакъалаца Америкера мила вогIур ву. Амма президент "вогIур ца хиларх" лаьцна шайга хаам бина, бохуш вара Песков.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG