ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буьйсанна дIасалелар дихкина Нохчийчохь


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Коронавирус бахьана долуш Оьрсийчохь уггар хьалха буьйсанна дIасалелар дихкина Нохчийчохь. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, адамаш а, машенаш а дIасалелар сацош ду республикехь сарахь 8 даьлча, Iуьйранна 8 даллалц. Цу ражо болх бечу заманна дIасалела бакъо ю болх ца бича ца йолучу урхаллийн белхахойн.

Иза ца дича цадолуш дина ду, яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь. Цо дийцарехь, комендантан сахьт болх бан долалуш ду тахана, Зазадоккху-беттан 3-хь дуьйна. Юкъаяьккхина раж маца дIайоьрзур ю дуьйцуш дац.

Цул сов, Оханан-беттан 5-хь дуьйна доза тухуш ду республике чуйогIучу транспортна а, адамаш чудахкарна а. Цуьнца цхьаьна Нохчийчу цIабахка луучарна хьехар дина Кадыровс, иза дан деза Оханан-беттан 5-гIа тIекхачале аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG