Инстаграмехула ша ечу эфирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъбина Устрада-ГIалахь вахархочунна етташ гайтина полисхой.
"Мелхо а, ас бакъво иза. Цкъа а, шозза а шега аьлла хилча, иза кхозлагIа а стенна волу ара? Даха ца лаьа вайна? Цхьана стаганна еттар атта ду суна, эзар дIавуллучул», - аьлла Кадыровс.
Деношкахь видео яьржира машанашкахула, Устрада-ГIалахь карантинан хьал тергалдечу полисхоша меттигерчу вахархочунна, иза арахула леларна, етташ.
ТIаьхьо хиламан видео яьккхинарг а, цуьнан ваша а гайтира мехкан тегевизионехула, кIинтIерадаккхийтира цаьрга къам.