ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Магомедова Ася
Оьрсийчуьрчу бахархойн карантинехь мел Iан дезар ду хууш дац. Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттина Дагестанерчу психологе Славинская Элине, муха лан деза хIара денош, гергарчарца юкъаметтигаш а ца йохош, синIаткъаман могушалла а ларйеш.
- Воха а ца вухуш, дикачун тIе ойла яхийтина ваха аьтто буй?
- Хьайн дог-ойла сингаттаме ялахь – хьалагIаттий куьйган хьалха а хIоттий, велало. Иштта латта кхаа минотехь. Велавелла сецна Iийча коьрте импульс йогIу, тIаккха дог-ойла хийцаяла йолало. Дог-ойла тояла мега хьан юьхьтIехь велакъажар хилахь. Иза реакци велакъажар диканиг ду аьлла.
Социалан машанашкахь даржийна цхьа сурт ду, "Коронавирусах дарба" аьлла цIе а йолуш. Цу тIехь тIемаяьлла йоьдуш ю цхьаммо аракхоьссина телевизор. Зорбан гIирсашкахь тIех сов дестийна дуьйц цамгарх лаьцна, ткъа адамаш телевизоршна хьалха хевшина Iаш ду, каналаш хуьйцуш, "ткъа кхузехь, ткъа цигахь" хIун ду-те хьоьжуш.
Ткъа ойла кхоллало дерриг а вон долуш санна. Арадовла. Маьршша чуоза хIаваъ. Изза хIаваъ ду иза селхана хилла долу, кхана а хир ду иза иштта. Мелхо а газаш кIезиг ю цуьнца, машенаш дукха яц дIасалелаш.
Аьхна долчуьнга бIаьрг тоха. "Делалойша", - олу ас, массерга а. Иза тоьла ларвалар ду вочу дог-ойлах. Иштта дегIо луш долу жоп а хир ду цу кеппара.
- Цхьана меттехь, лаам а боцуш, Iар муха лан деза? Массера а даккхийн цIенош дац, шуьйра уьйтIе а йолуш, ткъа бераш Кавказерчу доьзалхой дукха хуьлу.
- Нагахь хIоранан а шен чоь яцахь а, шен цхьа маьIиг кечъян еза, хIора а стеган шен меттиг хилийта. Иза массара а лара еза. ХIумакхоллуш а Iийна, шай-шайн меттиге дIасабовла мегар ду доьзалхой. Шен меттиг хилар, адамашна хилла ца Iаш, чIогIа мехала ду хIора а са долчу хIуманна.
Шай-шай чоь яцахь, балкон я кхин меттигаш тоьш яцахь, юкъа кирхьа олла мегар ду. Берашна иза хазахетар ду. Цхьацца ловзарех ловза а мегар ду.
- Зуда ялийна я тезет даьлла меттиг ца воьдуш ца юьту Кавказехь. Ткъа цигахь гулло бIеннаш нах. ХIун дан деза ишттаниг нисделча? Муха Iийр ву цига ца воьдуш, муха кхетор ду ахь хьай цавар, хала а ца хоьтуьйтуш?
- Цхьа а хIума дийца ца оьшу. Психологин агIор адамо ша бон шен сацам. Нагахь и стаг хьуна уллера велахь, иза хьох кхетар ву. Нагахь иза ца кхетахь хьо баш доккху хIума а ца хета цунна. ТIаккха хьо хIун деш ву цунна уллехь? Юххера нах цундела ма бу юххера, хьох уьш кхеташ хиларна.
- Хьанна ду карантин лан уггар хала, хIун дан деза цо?
- Баккхий нах дукха паргIат Iийр бу. Иштта компьютерна хьалха хиина Iачунна а ьяц цхьа а башхалла, уьш иштта а бу виртуалан дуьненехь бехаш. Амма жигара дахар дIахьочарна хало хир ду. Уьш боьлла жигара хиларх.
Iаламе арабевлла садоIучу а, кафе бахана накъосташца марзо оьцучу нахана иза вуно йоккха хало ю. Тахана массера а ю гаджеташ. Цу чохь бохкуш хуьлу тахана нах. Амма сайга хаьттича, ас книгаш еша эр дара. Адамаш доккхачу декъана арахьарчу дахарца дехаш ду. ХIинца хан тIекхаьчна, Тибете а ца боьлхуш, цара медитаци ян, тIаьхькхиа а, талла а хьайн ойланаш.