ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс кхерамаш тийсинчул тIаьхьа Iедале Милашина ларъяр доьху Оьрсийчуьрчу интеллигенцино


Милашина Елена
Милашина Елена

БIе сов яздархочо, Iилманчас, бакъоларъярхочо, юкъархочо Оьрсийчоьнан Iедал декхаредо «Керлачу газетера» журналист Милашина Елена, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс цунна туьйсучу кхерамах ларъеш, пачхьалкхан Iуналле эцар. Иштта доьху Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдар.

"Оьрсийчоьнан Iедало даима а дуьхьалоеш нисделла талламна, бехках хьалха баьхна, бакъбина зуламхой, цундела цо ша а лаьцна хуьлу оцу зуламашкахь дакъа. ХIинца Кадыровс цIершца буьйцу ша байа кхерам туьйсурш – «Керла газета» а, цуьнан корреспондент Милашина Елена а, иза ду араяьллачу артиклна делла жоп. Динчу зуламна дуьхьал цхьаберш жоьпе ца ийзош битар сацон деза», - боху "Керлачу газето" а, "Интерфаксо" а довзуьйтучу кехато.

ДIахьедарна буха куьйгаш яздина яздархоша, поэташа Улицкая Людмилас, Быков Дмитрийс, Седакова Ольгас, Тимофеев Лева, Шендерович Виктора, бакъоларъярхоша Пономарев Лева, Ганнушкина Светланас, Рачинский Яна, актераша Ахеджакова Лияс, Фатеева Натальяс, режиссераша Смирнов Андрейс, Мирзоев Владимира, мултипликаторша Бардин Гаррис, музыканта Макаревич Андрейс, Оьрсийчоьнан интеллигенцин кхин а дуккха а векалша.

Охан-беттан юккъехь Кадыров Рамзана шога дIахьедар дахьийтира «Керлачу газете» а, журналисте Милашина Еленига а. Бахьана дара газето, Нохчийчохь нах хьийзабо коронавирус яржарца доьзна, аьлла, артикл араяккхар. «Кадыровс карантин талхийнарш террорхойн могIара баха, цуьнга хьажжина царна таIзар а де, аьлла», цундела «нах, шаьш цомгуш хилар а лечкъош, цIахь леш бу». яздинера Милашинас.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо «Керла газета» бехкедира «лечкъош а доцуш, аьшпаш биттарна» а, «дохкадаларна» а, Малхбузерчу къайлахчу ницкъашна болхбарна а. ФСБ газетица дерг «къасторехьа» а кхойкхуш, хаийтира Милашина Елена ен сахьт доцийла.

"Нагахь санна тхоьга зулам дайта шаьш гIертахь, тхох зуламхой дан шаьш дахкахь, иштта схьаала тхоьга! Цхьамма тIеоьцур ду шена и жоьпаллин дукъ, гIур ву низамо бохху таIзар тIеэца. Набахтехь а Iийна, аравер ву!» - яздира Кадыровс.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс «эмоцешка ваьллачохь» дина Кадыровс шен къамел, «цхьа а дихкина хIума, низамехь доцург» дац цуьнан дешнашца, элира.

ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро тIедожийра Милашинин артикл дIакъовлар, бохура, цо яржийна «юкъараллина маьIна долу» информаци «халкъан кхерамзаллина зене ю бакъ яцарца». ТIедожор кхочушдан дийзира «Керлачу газетин».

Хьалхо, Чиллан-баттахь, тIелатар дира Соьлж-ГIала яхначу Милашина Еленина а, Дубровина Маринина а. Оцу хьокъехь журналиста арз чуделира полице. Цул тIаьхьа дIахьедира Милашинас, шена Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш туьйсу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG