ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 ун кхеттачу нахана шолгIа дарбан хIусам а схьайиллина БуьритIехь


Орцан медицинан хIусам коронавирус кхеттачу нахах яьккхина хилар бахьана долуш, иштачу пациенташна кхин цхьа меттиг а къастийна Къилбаседа ХIирийчохь – БуьритIера республикан клиника, хаам бо Кавказ.Реалиино.

ХIирийчоьнан могашаллин министралло бечу хаамца, ун кхетта хиларх шеко йолуш дарбан хIусамашка кхачийна 173 стаг. Оцу нахах 71-ннан тесто гайтина царна баккъал а COVID-19 кхетта хилар. Халчу хьолехь ву ХIирийчуьрчу коронавирусан дархойх 17 стаг.

"Коронавирус йолчу пациенташна шозза тIекIалйинчу гIишло чохь кечбина 120 меттиг. Эшахь, кхин а кечбийр бу маьнгеш. Цкъачунна тхо долчохь коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш Iуьллург вац 3 стаг бен», - элира "Кавказ.Реалиига" республикан клиникехь.

275 стаг ву шайца коронавирус гучуяьлла Къилбаседа Хирийчохь. Ши бер а ду царалахь. Товелла цамгарх 23 вахархо, шиъ кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG