Зорба тоха
Еарин дийнахь Чехин Iедало тIеэцначу сацамо юхаяьккхина коронавирус яржарца доьзна Зазадоккху-беттан юккъехь ерриг пачхьалкханна кхайкхийна хилла карантин.
Бахархойн Охан-беттан 24-чу дийнахь дуьйна бакъо ю Чехехула дIасалела а, дозанал арабовла а (амма дуьсуш ду юхавеанарг шина кIиранна карантинехь Iар). Нахана магадо 10 стаге кхочучу тобане гулбала.
Европерчу мехкийн хьалхарчу могIарахь кхайкхийра карантин Чехехь, дехкарш юхадохучу пачхьалкхийн хьалханчех а ю иза.
Чехин министрийн кабинето керла кеп йовзийтина ша малдечу хьелийн. Туьканаш а, нехан хьашташна лерина йолу фирманаш а схьайоьллуш ю хьалха къастийна йолу хан тIе а кхачале.
Оршотан дийнахь, Охан-беттан 27-чохь, йоьллур ю 2500 еакӀов метре кхочуш йоцу йохк-эцаран центраш. Хьалха бинчу сацамца уьш чIагIна хила езаш яра кхин а баттахь. Схьайоьллуш ю хIинца фитнес-центраш, зоопаркаш. Деша буьйлалуш бу студенташ.
Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь схьайоьллур ю яккхий базарш, туьканаш. Оццу беттан 25-чу дийнахь болхбеш хир ю кафеш, ресторанаш, юхадохур ду кхидолу дехкарш. Амма цкъачунна хууш дац, маца схьадоьллур пачхьалкхан дозанаш арахьара чубогIучу хьешашна.
ТIаьххьарчу муьрехь лахлуш ду Чехехь коронавирус кхеттачийн терахь, арабуьйлуш бу дарбан хIусамашкара оцу уьнах цомгуш хилларш. 5000 ца кхоччуш бу махкахь ун кхеттарш. Ерриг а хенахь COVID-19 лаьцнарг вара пачхьалкхехь 7 эзар сов стаг, товелла ши эзар сов, велла 210.
Официало бахарехь, Охан-беттан 23-чохь ерриг а Чехехь коронавирус ца хааелла 6 стагаца а бен.