ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинан денош бахархоша лардахь, марха даста йиш хир ю аьлла Кадыровс


Нагахь санна изоляцехь тIаьххьара денош низамаш ца дохош лардахь, марха достур ду хьакъ ма-дду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, оперативан штабаца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь.

"Соьга кест-кеста хоьтту, марха дастарна хIун дийр ду вай бохуш. Ас аьлла-кх: карантинан низамаш аш лардахь, Делан къинхетамца, даздан ма дезза билгалдоккхур ду вай и де", - аьлла Кадыровс, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Кху деношкахь социалан машанашкахула цавевзачу стага аудио яржийнера, кхушарахь марха достур дац, кечамаш ма бе цу денна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG