Республикерчу могушаллин министраллехь прокуратуре таллам байта гIерта гIалгIайн адвокат Плиев Муса тIера ца волу ша бохучунна. Махкахь дукхачу нахана ун даларна а, денна нах леш хиларна а саготта волчу юристана хетарехь, могушаллин министралло республикерчу эпидемиологин хьолах кхачо йоллуш информаци луш яц. Цуьнца доьзна ду Плиевн прокуратуре валар, яздо "Кавказ.Реалии" портало.
"ГIалгIайчоьнан могушаллин министралло бахархошка дийца ма дезза ца хоуьйту инфекци ца яржийта шаьш лелочух а, бахархошна гIо дан мел оьшу медицинан гIирсан а, молханийн а я къоьлла хиларх, я кхачо йоллуш махкахь оьшург ю аьлла а.Ас лакхахь билгалдаьккхинчо, суна хетарехь, Оьрсийчоьнан Конституцин 41-чу артикло луш йолу могушалла Iалашъярехь бакъо йохош ю", - яздо шен дIахьедарехь Плиевс. Несарарчу дарбан цIийнан лоьрашна тIе а тевжина, яздина адвокато.
Цара инстаграме хIоттийначу видео тIехь гойту молханаш латтош йолу чоь. Цигахь антибиотикаш а ю, калетра а, сумамед (азитромицин) а, меронем а, офлоксацин а, полисорб а молханаш а ду. Плиевс тергам тIеузу, COVID-19 йолчарна терапи еш пайдаоьцучу молханийн тептар федералан министралло шен рекомендацешкахь далийна хиларна.
Лазаран чIагIалле хьаьжжина ду и молханаш: гидроксихлорохин, хлорохин, мефлохин, лопинарвир/ритонавир, рекомбинантан интерферон бета-Ib, тоцилизумаб. Ткъа гIалгIайн лоьрийн молханийн ларамца догIуш дац федералан тептар.
Адвокатан зерашца, цу тайпа препараташ регионерчу дарбан хIусамашкахь йоцуш ю. ТIаккха гуш ду, ун даьллачу нахана кхачо йоллучу барамехь дарба лелийна цахилар. Пациенташ оцу бахьанашна белла хила а тарло аьлла, хьесап дина Плиевс.
Коронавирусан инфекци яла кхерам шена а бу аьлла, билгалдоккху юристо, цундела шен могушалла ларъяран бакъо Iалашъяр доьху цо, дарбан хIусамашкахь медицинан гIирс пайдаэца кийча буй хьожуш, юьйцурш ю ИВЛ а, ЭКМО а аппараташ. Ишта, цомгашниг кога-ира хIоттийна валлалц молханаш а, маьнганаш а, изоляцин боксаш а, инфекцийн дакъош а, сихаллин гIо кхачочоу бригадийн кийчахилар а, лоьраш ун даларх Iалашбен барзакъ а тоаме дуй а хьовсуш.
Могушаллин министраллан пресс-секретаро Оздоев Беслана дIахьедина "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте, Плиевгара кехат шайга кхаьчна дац аьлла.
"Цундела прокуратуро беш таллам а бац. Пандеми йоьдучу юкъанна бийр бу ала а дац", - боху Оздоевс.
Пресс-секретаро чIагIдо, министралла дарбан хIусамашкахь керла гIирсаш дIахIиттош ю бохуш. Доккхачу декъанна, контракт ю йина 33 керла ИВЛ аппарата схьакхачон, царах 20 стационарехь хир ю, 13 дIасаяхьа магош хир ю.
Иштта, ГIалгIайчуьрчу "Росздравнадзорна" а хууш хIума дац Плиевн дIахьедарх. Урхалло шен тидамехь латтош ю бахархошна медицинан хьелаш хIиттор, делахь а, Оьрсийчоьнан Iедалхойн омрица карарчу хенахь совцийна талламаш бар, аьлла "Кавказ.Реалиин" корреспонденте.
"Росздравнадзоран" говзанчаш хууш бац, республикехь цомгаш мел волчунна тоаме ю, я яц препараташ а, медицинан гIирс а.
"Прокуратуран тIедилларца бен бакъо яц хIинца гIуллакх листа доло. Нагахь санна, цара таллам бар доладой, тхан белхахой а царах дIакхетар бу. Цкъачунна молханаш а, медицинан цхьаболу гIирс а буй хьовсуш, мониторинг еш схьадогIу тхо. Тхаьш бечу белхан жамIаш Москва дIадохьуьйту оха, цигахь дийцаредоккху, кхачаме ду дерриг а дац хьовсуш. Тхайна гIуллакх зер тIедиллахь, болх болор бу оха", - аьлла "Росздравнадзоран" векало.
ГIалгIайчуьрчу цхьана клиникан белхахочо къайлах дийцира "Кавказ.Реалиига", махкарчу дарбан хIусамашкахь хьакъ доллуш лабораторин контрол еш цахиларх лаьцна. Лоьро бахарехь, коронавирусан ун даьлла, чолхечу хьолехь бохкучу нехан тромбоз а, организман стресс-реакци а кхиа йолало. Дукха хьолахь оцу бахьанашца баларш хуьлу. Ишттачу хьолехь антикоагулянтан терапи йоло еза.
"Ткъа муьлхачу пациентана мел доза хила еза хаа, цуьнгара хьал тергонехь латтон деза, цIийца йолу кислород юста а юстуш. Ткъа тхан лаборатореш кийча яц цунна, цара анализийн готта спектр бен ца йо", аьлла, дийцина клиникан белхахочо.
COVID-19 вирус оцу тIегIанашкахь йолчу заманчохь, цунна тIе бактерийн инфекци а кхетахь, чIогIа оьшуш ду антибиотикаш ялар. Амма билггал хууш дац, лоьрашкахь тоам боллуш уьш ю, я яц: "Делахь а хала дац уьш ягаръян. Масала, пациентана сумамед маха тохар дийнахь 2 грамм яздинехь, дарбан хIусамехь бIе маьнга а белахь, хьовсур вай. Цхьана дийнан 20 грамм барам итт дийнахь лерича - ши эзар грамм нисло".
Прокуратуран талламо а, болу гIирс лараро а гойтур дара республикехь эпидемица латтонкъийсам муха бу, мел кхиаме бу.
"Кавказ.Реалиин" аьтто ца хилира прокуратурера сихха комментарий эца.