ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу лоьраша коронавирусца къийсам латто гIо доьху Путине


"Дагестан Республикан лоьрийн юкъаралло", "Патриотизм кхиоран фондо", "Дагестанан коммерцех йоцчу юкъараллийн координацин центро" шаьш яздечу "схьадиллинчу кехаташкахь" доьху пачхьалкхан куьйгалхошка шайн махкана эпидемино ден зенаш тидаме эцар.

Президенте Путин Владимире, ТIеман министре, Орцан министраллин куьйгалхочуьнга, Могашалла Iалашъяран министре кехатийн авторша хаамбо, шайн махкахь коронавирусах цомгуш хилла а, белла а нах официало гойтучу барамал а дукха хиларх а, Дагестанехь хьал вуно эрчадаьлла хиларх а лаьцна.

Юкъархоша бечу хаамца, тоьаш бац махкахь лоьраш, дарбан хIусамашкахь кIезиг ду молханаш, адам уьнах Iалашден гIирс, бедарш. Москварчу Iедале гIо доьху юкъараллаша.

Кехаташ яздечара, пачхьалкхан куьйгалхошка а санна, Дагестанан куьйгалхошка а доьху махканна орцахбовлар. Амма, масала, "Дагестанан коммерцех йоцчу юкъараллийн координацин центран" лидера Хадулаев Шемала, шена маьIне ца хета меттигерчу хьаькамашка дехарш дар, боху. Цунна гарехь, мехкан куьйгалхоша "дерриг а хецна дитина, вочу хьолехь бу мохк, гуш ду уьш ларош боцийла".

Оьрсийчоьнан коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан терахьаша гойту Къилбаседа Кавказан мехкашлахь Дагестан уггаре дукха нах уьнах цомгуш хуьлу регион юйла кху тIаьххьарчу деношкахь. Велла цигахь коронавирусах, официало бахарехь, 15 стаг, цомгуш ву 2 270 гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG