Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIерш яьхна карантинан раж ца ларъечу регионийн-лидерийн. Изоляцин низамаш къаьсттина дохадо Краснодаран а, Ставрополан а, Приморскан а кIошташкахь а, Дагестанехь а, хаам бина "Новости" агенталле урхаллан юкъара къепе ларъечу декъан хьаькамо Валяев Юрийс.
"Карантинан раж йохочу бахархойх хIиттийначу протоколашка хьаьжча, Краснодаран а, Ставрополан а, Приморскан а кIошташ а, Дагестан а хьалха ю", - аьлла Валяевс.
Карладоккху, коронавирусаца къийсам латтон Iалашонца пачхьалкхехь дийнна Охан-баттахь белхаш совцийна бу, нехан алапаш хеда а ца деш.
Карарчу беттан 6-чохь пачхьалкхан президенто Путин Владимира министршца а, регионийн губернаторшца а хиллачу кхеташонехь тIедиллира, инфекцин эпидемица доьзна хIиттийна бехкамаш лагIбеш болх болор.
Москвахь шахьаран мэран омраца изоляци латтор ю карара бутт баллалц.