ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирусах дуьненчохь 300 эзар сов стаг велла


Дуьненчохь коронавирусан инфекцех беллачийн терахь 300 эзарал тIехъиккхина, ХIопкинс Джонан университетан зераша тIечIагIдарца. Эпидеми юкъаяьлчхьана 4 миллион сов вахархочуьнца къаьстина вирусан ун. Дарба хилла 1 миллион 700 эзар гергга пациентана.

COVID-19 вирусан ун даьлла нах тIех дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цигахь 1 миллион 400 эзар сов вахархочуьнца къаьстина диагноз. Кхелхина уьнах 85 эзар дархо.

Коронавирусан инфекци яьлла нах алсам хиларца шолгIа меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьно. Официалан зерашца, цигахь 250 эзар стаг ву COVID-19 йолуш. 2 000 сов ву велларг.

КхоалгIачу меттигехь дIатаръелла - Великобритани. 230 эзар стаг ву цигахь ун даьлла. Кхелхина 33 500 сов дархо.

Кху деношкахь The Financial Times а, The New York Times а хаамийн гIирсаша, Оьрсийчоьнан официалан статистикех пайда а оьцуш, хааме даьккхира, Москвахь а, Санкт-Петербургехь а коронавирусах билггал беллачийн терахь 70 процентана лакхара хила тарло официалехь дIахьедечул а аьлла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло тIедожийна и информаци харцъяр. "Роскомнадзоро" дIахьедина, шаьш публикаци зуьйр ю, фейкан хаам буй хьожуш аьлла.

Стохка шо чекхдолучу хенахь яржа йолаелира Китайхь коронавирус. Эххар а кхечу пачхьалкхашкахь а гучуелира иза. Iамерко Китайна бехкаш дохку, и цамгар кхераме хиларх шайн хеннахь хаам цабарна. Пекино бехкаш тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG