ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонешкахь а, СИЗО-хь а эпидеми яржарх карта хIоттийна бакъонашларъярхоша


Оьрсийчоьнан набахтешкахь а, талламан изоляторшкахь а респираторан цамгарш яржарх карти тIехь билгалдоккхуш, бакъонашларъярхойн тобано а, адвокаташа а "Серая зона" аьлла проект йолийна. "Коммерсанте" дийцина цунах лаьцна "Общественный вердикт" фондан директоро Таубина Натальяс.

ТаIзарш кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) цомгашчерах лаьцна официалан статистика зорбане яьккхина ца Iаш, проекто информаци ло тутмакхаша а, церан гергарчу наха а бечу хаамашна тIехь а. Иштта проектан авторша зуьйш ю хаамийн гIирсаша Iорайоккху информаци а.

ХIора тIечIагIдан таро йоцчу меттигах бакъонашларъярхоша кехаташ дохьуьйту прокуратуре а, ФСИН-е а, набахтешкахь талламаш а бай, лецначарна а, колонийн белхахошна а кхерамзалла латтае аьлла.

"Информацин блокада а, юкъараллех ФСИН-ан урхаллаш, къаьсттина эпидеми йоьдучу заманчохь дIакъовлар а" дан мегаш доцург ду, аьлла бакъонашларъярхоша.

"Серая зона" проект юкъаяьккхинчарна хетарехь, тутмакхашна церан гергарнаш тIе ца битаро "социалехь хьал дуьйлина", хIунда аьлча, церан гергарчара сагатдо, шайн нахах цхьана а кепара информаци хаа аьтто ца хиларна.

Карарчу беттан 14-чохь тIаьххьара ФСИН-о хааме даьккхира, СИЗО-хь а, колонешкахь а лецначарна коронавирусан ун даларх. Урхаллан зерашца, эпидеми яьржичхьана 617 белхахо а, 145 шеконашца лецна а, тоьхна хенаш йоху нах а цомгуш хилла. Пенитенциаран системера 208 стагана а, 29 тутмакхана а дарба хилла. Беллачех хаийтина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG