Европера нохчийн мухIажираш бен хир бац коронавирус яржарца шатайпа ниIмат карийна: тховкIело ца еллехь а, цкъачунна сацийна депортаци яр. Карантин чекх а яьлла, кеманаш лела дуьйладелча, йолор ю керла депорташ, экстрадицеш.
“Кавказ.Реалиин” корреспондента хиттира Европерчу мухIажирашка, стенна къаьстина уьш шайн даймахках, хIун зен хуьлу царна Оьрсийчу дIахьовсийча.
Эдилова Зарема, Германи
- Со сайн берийн кхерамзаллин дуьхьа араяьлла махкара. Сан кхо кIант ву. Со церан деца дIасакъаьстича, Iадато ма-бохху, цуьнца дисира бераш. Суна уьш гойтуш а дацара. Царна дестечо еттара, арахь буьйсанаш йохуьйтура. Я полицин а, я кхелан а суна дан гIо дацара – цара дIаоьцура соьгара аьрзнаш, амма ца лоцура сан агIо. Цкъа сан аьтто белира дестечо сан воккхахволчу кIентан дегIа тIе хIиттийна аьрснаш социалан машанашкахь дIагайта. И суьрташ гинчу цхьана адвоката-зудчо гIодира суна кхо кIант дегара схьаваккха. Кхелан сацамах пусар а ца дора марзхоша, кхерамаш туьйсура, шаьш соьгара бераш дIадуьгур ду, бохуш. Иштта едира со, суна бен-башха а дац, тхаьш стенгахь дехар ду, цхьаьна хилчахьана.
Витаев Салам, Германи
- Терроран вовшахкхетараллехь хиларна, Шемарчу тIемалошна ахча кхехьийтарна, цига баха нах кечбарна со бехкеван хIоьттира Оьрсийчоь. Цунах гIуллакх ца хилира – ас цхьа а ца кхайкхинера Шема, я ахчанаш а ца кхехьийтинера. Цхьана кегийрхошка етташ дайтинера суна дуьхьал тоьшалла. Аьттехьа а йиш яц сан Нохчийчу вухаваха. Мел дикачу адвокате а ваккхалур вац со цигарчу кхерамна кIелхьара.
Витаевс – иштанаш дукха а бац – лечкъа ца еш йоккху шен цIе ма-ярра. Стохка Германи реза ца хилира, Оьрсийчоьне ла а доьгIна, цунна цига экстрадици ян.
Анзор, Швеци
- Ден а, ненан а лаамца веара со Европе деша. Амма дешар дерзадойла ца хилира, ас тховкIело йийхира кхузахь. Iедална критика ярна сан гергарчу шина стагана гIелойина цIахь, аьлла Iедалхоша, шаьш церан гергарнаш хьийзор бу. Европехь тховкIело ца ло суна цкъачунна, даймахка дIаваха воллура со, амма дахар сецна лаьтта цIахь. Хьайга аьлча, деа шарахь цкъа харжамашка а воьду хьо, кепекаш яха балха а лела, инстаграм а йоьшу, цхьана а хIумане са а ца туьйсу ахь цигахь.
Мицаев Дукхваха, Франци
- Масхадовн эскарна герз латторна Оьрсийчохь набахти текхира ас итт шарахь а сов. ЦIавеача, машенаш юхку бизнес йолийра ас, юха базарахь котамаш йохка волавелира, амма полицин куьйга кIел дара сан дерриг а дахар. Кест-кеста цо зуьйра со. Со маьрша ваха гIертара, сайна напха а доккхуш, бизнес а шоръеш, амма полисхоша тIера духар, маж бахьанехь хьийзо ваьккхира со.
2016-чу шарахь масийттаза полице вигира со, цкъа ондда йиттира суна. Сан тайпан хьалханча веача бен дIа а ца хийцира. ТIерачу сайн духарца “къона чкъор экстремизмалле ца ийзо” дош даьккхира соьгара. Цигахь йохийтира соьга джинсаш а, футбол-коч а, амма маж сайн ас цахьаяйтира. ТIаккха дIахийцира со. Оццу дийнахь цIерпошта а хиина, дIавахара со даймахкара. ХIинца дуьне даьккхина лелаш ву, елла мухIажиран статус а йоцуш.
Апти, Австри
- Со тIехьийза йоI ”кадыровхочуьнга” маре луш яра. Охашимма къайлах там-мах бира, делира махкара. Кхерамаш тийсира дуккха а, сан гергарнаш хIинца а бац парггIат баха буьтуш, со цIавалаве бохуш. Со цецвер вац цара сайна дуьхьал цхьа бехктакхам баьккхича а.
Амма ас сагатдийриг кхин ду – кху Европехь нохчашна юкъахь уьйр яцар. Маьрша Ичкери шеко йоццуш меттахIуттур ю, боху цхьаболчара, кхечеран хIуманнан а бала бац, шайга зикарш дайтичхьана, кхоалгIачара хьо я бусалба а, я нохчо а ца лору ахь дин шаьш санна кхетош дацахь. Кегийрхойн цхьа дакъа радикалаш бу. Шема ишттанаш ца бахийта гIиртира со, уьш схьабало тIехьавахана а лийлира. Ас сайна мел хуург дуьйцу цаьрга, уьш цхьацца халифатех Iехалуш ца лало: цхьа а маьIна дац Малхбалерчу гIурта юкъа гIерта. Шаьш оццул суьпа делахь, деша, лоьраш хила, цомгушчарна маьхза дарба латтаде! Иза гIолехьа ду шуна, цига тIаме доьлхучул, цхьаьннан киса а дуьзина, лечул!
Нохчийчийчуьра дика хаамаш бен ца лаьа хаза …
Бакъоларъечу “Гражданское содействие” комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас дийцира “Кавказ.Реалиин“ корреспонденте нохчийн мухIажирийн кхолламех лаьцна. ТIаьххьарчу шерашкахь алсамдаьлла уьш Европера депортаца цIахьийсор, боху цо.
“Малхбузенна хьашт яц вайн проблемаш. Вайн кхузара хьал дикачу агIор хийцалуш дацар новкъа ду вайна а, царна а, амма цунах теша ца лаьа Европехь. Оьрсийчохь паргIато ю, ткъа Нохчийчохь - низам, аьлла хета царна. Нохчийчийчуьра дика хаамаш бен ца лаьа хаза. Кхиболу хаамаш ган а ца го. МухIажирашна тIехьерчабо кеп-кепара бехкаш, ткъа Оьрсийчоьно аьттехьа а тIе ца дуьту ша и нах политика баханехь хьийзабо бохург”, - дуьйцу Ганнушкинас.
Бакъоларъярхочо бахарехь, нохчашна дуьхьал айдо низамехь йоцу герзахойн гIеранаш кхолларх, терроран тохарш кечдарх долу бехктакхаман гIуллакхаш.
“Тобанца цхьаьна машен ядийна аьлла, 6 шарахь набахти текхна Нохчийчохь цхьамма. Мукъаваьлча тховкIело ехна цо дозанал арахь, амма Оьрсийчу юхахьажийна. Цигахь шолгIа а дов айдина цунна дуьхьал, Украинерчу Виницан кIоштахь, ‘ГIирма’ цIе йолчу террорхойн лагерехь Iемаш хилла, аьлла. Оцу хьокъехь тоьшалла дайта тхан цхьа бакъоларъяхо а кхайкхира талламчаша шайна тIе –террорхойн лагере нохчо оха хьажийнийла зуьйш. Амма билгалделира, юьйцу меттиг ГIирмина аннекси йича даймахкара бевддачу гIезалойн юьрт юйла. Ткъа нохчочо ”бехк” тIеэцна шега шел жимаха волу ваша хьийзор ву аьлча”, - дагалоьцу Ганнушкина Светланас.
Цо тоьшалла дарехь, декъаза хьал хуьлу Нохчийчу вухаваханчуьнгахь.