Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайд коронавирусах цомгуш а хилла, дарбан цIийне кхачийна аьлла яьржина информаци харцйина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Хан - 22.40, Патриот соьца кхузахь хиъна Iа, вуьззина могуш а ву, кхача диканиг а бу", –хеза chechnyatoday.com сайтерчу видео чохь Кадыровн аз.
Ресурсо билгалдоккху и видео мехкан куьйгалхочо ша яьккхина хилар. Тоьшалла арахецнарг ву «Грозный» телекомпанин директор Дудаев Ахьмад. Ткъа Кадыров гуш вац кадрехь.
Еарийн сарахь, Мангал-беттан 4-чохь, хаамийн гIирсаша, телеграм-каналашна тIе а тевжаш, даржийра, Висмурадов ("Патриот") коронавирусо лаьцна, дарбан хIусамехь ву, аьлла.
"Висмурадов Абузайд Соьлж-ГIалахь дарбан хIусамехь Iуьллу коронавирусан битамашца, цуьнгара хьал хало ду", - яздора, масала, "112" телеграм-канало.
Хаам бакъ бина а, я харц а ца бина официалехь.
Хьалхо даьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Москварчу клинике виллина коронавирусах цомгуш хиларца, аьлла. Амма Iедалхоша бакъ ца дира иза.
Денош девлча, оцу хьокъехь дIахьедира ша Кадыровс: «Со цомгуш хила адам дац, миллионашна дуьнентIехь коронавирус кхетта хилча, иттанаш эзарнаш белла хилча?" – аьлла.