ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дуьхьал тосур бу ас кхаж, со дийна йисахь"


Оьрсийчоьнан Конституцин тIетохаршна кхаьжнаш таса гIур бу я бац Къилбаседа Кавказан бахархой?

ТIекхочуш ю Оьрсийчоьнан Конституцин тIетохаршна кхаьжнаш таса йиллина хан – Товбеца-беттан 1-ра де. Оха хиттира Къилбаседа Кавказерчу мехкийн бахархошка, муха мах хадабо цара Конституци юкъайохуьйтучу пунктийн, баха дагахь буй уьш кхаьжнаш таса.

"Ас лоцур дац цигахь дакъа. Репрессешна кIел хиллачу къаьмнашна реабилитаци ярх долу низам лелаш дац, гIалгIайх а хьакхало иза. Тхан жигархошна дуьхьал бехкаш тийсина, политикаца доьзна хьийзабо уьш. Юстицин министраллин куьйгашца йохош ю тхан Къанойн кхеташо. Адамийн бакъонаш ларъеш йоцчу пачхьалкхехь гIойла дац цхьана а харжамашка, я кхаьжнаш тосуче", - жоп делира хаттарна ГIалгIайчоьнан тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун декхарш кхочуш дечу Даскиев Мурада.

"Кавказ.Реаалиино" хаттар динчу нахах дукхахболучара дузу пандемин дехкарш лелачу юкъанна харжамаш кхайкхор, Путин Владимирна президенталлехь Iан елла хан чекхъяьлча, иза юьстах ца вита, Iедалан коьртера дIа ца валийта лелочу политикаца: конституцин хийцамаша шорйийр ю цуьнан бакъонаш.

Нальчикерчу Хавпачев Борисна хетарехь, кхаьжнаш таса гIур болучу нахах массо а бац Конституцехь хIун хуьйцу хууш.

"Эххара а толур ду дахар! И вон Конституци бахьанехь мел дакъаза даьлла дерриг а, дотацеш тIехь ю Кавказ, халкъ нахартех деха. ХIинца дерриг а дикачу хьоле доьрзуш ду", - воьлу Хавпачев. ТIаккха тIетуху: "Баккъал а аьлча, гуш ду-кх вайна кхузахь ледара Iамочу дешаро шен болх бинийла – кIезиг бу Кавказехь Конституци хIун ю, иза стенна оьшу хуурш".

Дукха а берийн нана ю Къилбаседа ХIирийчуьра Зарема. Цо "моттаргIанаш" ю кхаьжнаш тийсар, элира:

"Хийцамаш бина бевлла, моттаргIанаш ю лелош. И "ноль" тIе кхаьчнарг шен дахар чекхдаллалц Iийр ву паччахь. Юкъабоху бохучу хийцамаша цхьа хIума хуьйцур дац халкъан. Оьрсийн мотт пачхьалкх кхуллу мотт бу боху, сан дайн кхо мотт хилла, царех цхьа а бац оьрсийниг. Юй со тIаккха пачхьалкхан дай ларалучех? Шеко яц, республико лур ду Москвана оьшшу жамI, мохк дотацеша кхобу боху, амма бюджет хIетте а ю цхьаьннан кисина йоьдуш, ткъа вай ваьшка даккхалучу рицкъанах тешийна ду".

Дегайовхо ца ло Конституцехь бен болчу хийцамаша Кхарачой-Чергазийчуьрчу бюджетан белхахочунна Ольгина а. Цо иштта элира:

"ЦIахь чубоьлла Iа тхан доьзал. Кхааннан температура ю, шиъ - йовхарш етташ, цхьаьнца коронавирус хилар бакъдина, вукхеран тесташа бохург кхеташ а дац. Лор ца йогIу тIе, телефон туху, хIара мала, важа мала, боху, ткъа тхоьгахь-м дац молханаш эца ахча, ши бутт бу тхох цхьа а болх беш воцу, маьхаза луш дац молханаш, дарбан хIусаме а ца дуьгу тхо, дагар дIа ца долу сан. Нагахь санна кхаьжнаш тосучу дийне ялахь, ас дуьхьал тосур бу и кхаж. Амма оцу дийне йолий-м хаац".

Нохчийчохь гIишлош еш къахьоьгу Мохьмада. Цо дагадоуьйту, Путин валлалц президент Iойла шена лаьийла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуккхаза а баьхна хилар.

"Иштта хуьлуш а лаьтта хIинца. Паччахь валлалц даржехь Iан воллу. Тоталитаризм кхидIа а лаьттар ю Кавказехь. Кеста луларчу мехкашкахь а буьйлалур бу нах шайгара даьлла бохучунна "паччахьаш" къинтIера баха. Соьга хаьттича, массо а хийцамех цхьа кхаж тасар нийса дац, хIора хийцам ша-ша бара кхоже билла безаш. Зудий, майрий цхьаьнакхетарх олу доьзал – со реза ву цуьнца, адам, цунна эшначохь, пачхьалкхо социалан Iуналле эца деза – иза а нийса ду. Амма Путина даржехь яьккхина хан дIа а яйъина, цуьнга иза юхайолаяйта суна ца лаьа, со дуьхьал ву", - элира нохчочо Мохьмада.

Дагестанера жигархо Ниналалов Сади шеквоккхуш ду Конституцин хийцамехь "Дела" боху дош: "Ши бIе сов болчу хийцамашлахь пайденаш а бу, амма дерриг а талхадийраш а бу. Конституцехь Дела хьехор сан кхетамехь нийса дац. Килс а, пачхьалкха а йозуш яц вовшех. Иштта ду. Ишта хила деза. Хир ду аьлла а хета суна кхидIа".

Пачхьалкх кхуллу къам оьрсий хилар нийса билгалдоккху Конституцин хийцамашкахь, аьлла хета Ниналаловна. "Оьрсийн мотт а, оьрсийн къоман меттиг а билгалъяккхар дика ду. Дукха хан ю вайх оьрсийн мотт буьйцу къаьмнаш хилла, оьрсий олу вайх дозанал арахьа а".

Пятигорскерчу Тамилас ша гIур яц кхаж таса, элира "Кавказ.Реалиига".

"Аьттехьа а гIур яц. Са ма гатде аш, вайна хьалхара кхаж тосурш бевр бу. 101 процент нах хир бу кхаж тесна, вай цига дахча а, ца дахча а, иза шеко йоццуш ду. Вайга хьан хIун хоттур ду? Массо а реза хир ву, вист а хир вац. Оьрсийн къомо са дехха детта, амма меттахдаьлча, шен дог а Iабадо".

Ставрополерчу адвоката Зубенко Виталийс нийса дац боху пандемин хьелашкахь кхаьжнаш тасийтар.

"Коронавирусо лоьцучу нехан барамаш бесташ бу дено-дено, официалерчу статистико гайтарца а. Бакъдолу сурт кхин а ирча ду. Пехийн лазарх цIахь лийраш бац статистика юкъа язбеш. Пандемин хьал вайн пачхьалкхехь санна долчу пачхьалкхашкахь ца бора цхьа а юкъара барамаш. Ткъа вайгара хьал вуно вон ду тахана, оцу юккъехула кхаьжнаш тийса гIаттош ду гIаланашкара, ярташкара халкъ. Кхаьжнаш тасийтархьама юхайоккхуш ю карантин, цомгуш хуьлу нах толучел кIезиг бу, боху. Амма хьоло гойту иза бакъ доцийла, цамгар яьржаш юйла. КараIамийна йолучух тера ду статистика", - аьлла хета ставрополхочунна.

Цо, ша юрист хиларе терра, бохура, плебесцит нийсонан хоршахь дIаяхьа низамаш дац Оьрсийчохь, яц иза дIахьош тIехьажаран кепийн институци а.

"Конституцино ца боху хийцамех лаьцна кхаьжнаш тасар лигитимехь ду. Йолуш йолчу конституцин 2-гIа а, 9-гIа а дакъош хийцар - иза низам дохор ду. И дакъош хийцар халкъан лаамехула низаме даккха гIерта Iедал", - билгалдаьккхира адвоката Зубенко Виталийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG