ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала юхаерза дегайовхо а йоцуш


Нохчийчуьра схьаяьллачу зудчун шемахойн мухIажирийн куьпахь хене йийларх яздо "Кавказ.Реалии" портало.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан дакъошкахь тIемаш бина, тIаьхьа йийсаре лецначарлахь дуккха а бу Оьрсийчуьра схьабевлларш. Шемарчу мухIажирийн каппашкахь а, набахтешкахь а латтош бу уьш. Царах цхьа дакъа Къилбаседа Кавказера зударий бу, дукхахберш берашца а болуш.

Пачхьалкхан къилбаседанерчу Ал-Рож а, ал-Хол а каппашкахь хIиттийначу четаршкахь бохкуш бу уьш, тишачу хьелашкахь хене а буьйлуш. ТIекхочуш лоьраш а боцуш, юучух хуьлуш там а боцуш.

Айзан (цуьнан дехарца цIе хийцина редакцино) пхи шо хьалха еана Шема Нохчийчуьра. ЧIогIа дохкояьлла ю иза, ша динчунна. Карара кехаташ а, телефон а, кхечаьргара а санна, дIаяьхна цуьнгара а. Стохка даIишхой хIаллакбинчул тIаьхьа, цуьнан цIийнда набахте кхечира, ткъа хIара курдойн кара. ХIетахь дуьйна ал-Хол цIе йолчу куьпахь хан токхуш ю иза. Юкъа-кара бен аьтто ца болу цуьнан зIене яла, хIунда аьлча, хадархоша магош дац гаджеташ лелон.

Соьлж-ГIалина сахьийза Айзин, амма иза тешна ю, цIа йодахь, даIишхошна гIо-накъосталла лелийна аьлла, ша набахте хьажориг хиларх.

"Исламан пачхьалкх" шех олу тоба йохийнашшехь, эзарнашкахь нах латточу куьпахь дуккха а бу боху зудчо, церан агIончаш.

"Керлачу халифашна ваIданаш до цара. Церан "джихIадан лоьмаша-зударша" кхузахь Iаьржачу байракхашца демонстрацеш а цхьана хIиттайо. ДаIишхойн фанаташлахь Нохчийчуьра схьабевлла мехкарий а бу. Европехь бехачу махкахоша царна аьлла, ахчанаш гулдо. Дийцарехь, миллион долларшкахь сов ахча даийтина хиллера цхьана шарахь. Оцу ахчанех некъ гойту нах а лоьцуш, уьш хьалха а буьйлуш, кхузара дIабахана цхьаберш. Вукхара оцу ахчанех юург латтайо, шайн четарехь цIано йойту", - дийцина зудчо.

Катоьхна Туркойчу дехьаер йолуш яра Айза а, амма хIара луларчу гIала мукъна а дехьайоккхур ю шаьш олий, ахча кхуьнгара схьа а оьций, кхин гучу ца бовлура и нах.

Лецна латточу кхечу зударшца цхьана йохка юург а еш, лол бетташ хене юьйлу Айзан.

"100 доллар ахча даккхархьама масех беттанашкахь къахьега деза сан", - боху зудчо.

Айзана дуйнаш буу, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а орца дехнера ша, иштта, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле а цхьана гIо дехнера ша, цIа йига аьлла, амма эрна хилира бохуш.

Айзана бахарехь, хIара ехачу куьпахь ницкъбар алсамдаьлла, санитаран хьелаш а гIад дайна ду, цундела саготта ю иза шен дахарна. Цул совнах, кхана хIун хир ду ца хууш, билгалзалла йоцуш дIайоьдуш ю цуьнан зама а.

Стратегин а, дуьненаюкъара талламийн а Центран (CSIS) лакхарчу хьехамчас, Free Russia Foundation организацин эксперто Соколов Дениса иштта дуьйцу йийсархойн хьолах лаьцна: "Ал-Хол Iаламат йоккха меттиг ю, цигахь 70 эзар сов нах бу. Цу чохь туьканаш ю, Оьрсийчоьнан банкийн цхьадолу картанаш а цхьана лелаш ду цигахь. Цигара бевддарш туркоша чекхбуьйлуьйту, божарий набахте хьийсабо, берашца болу зударий мухIажирийн каппашкахь дIатарбо. Нагахь санна, цхьахйолчу пачхьалкхо шайн нах схьабехахь, курдаша дIало шаьш лецнарш. Европера баьхкинарш, дукха хьолахь, мухIажирш бу, цаьрца бала болуш стаг а вац, церан статусах дерг хууш цахиларна, уьш цхьаммо а дIа ца боьху".

Масех шо хьалха Оьрсийчоьнан векалш, шайлахь Нохчийчоьнан экс-сенатор Сабсаби Зияд а волуш, буьйлабеллера Шемара а, Иракъера а Оьрсийчоьнан бахархой цIа кхийла, бакъду, царех цхьана декъан аьтто ца хилира даймахка кхача.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цхьана а кепара жоп дац луш, Шемара пачхьалкхан бахархой цIа балор стенна сацийна хаьттича. "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто шозза хаттар дахьийтича а, дипломатин урхалло жоп ца делира.

Ткъа Сабсабис доцца дIахадийра, ша Оьрсийчоьнан бахархой цIа балош, дийцарш кхин дIа лелош вац аьлла.

ХIара материал зорбане яккхале хьалха дуьйна зIене юьйлучуьра сецна Айзан. Цуьнан кхолламах хууш хIуммаъ а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG