Стаг вен кечам беш вара аьлла, диллинчу бехкзуламан гIуллакхан гурашкахь ГIалгIайчуьра схьаваьлла 38 шо долу Боков Васамбек лацар тIечIагIдина шинарин дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ). "Свобода" Радионо яздо, цкъачунна Боковна дуьхьал даьккхинарг ду: харц документаш кечдар а, царех пайдаэцар а бохуш. Хьалхо дийцира, шо хьалха йоьдучу эфирехь Оьрсийчоьнан президентах лаьцна маьттаза къамел динчу гуьржийн журналистана Боковс кIело кечъеш хилла куц ду бохуш.
Карарчу беттан 15-чохь, оршотан дийнахь, оппозицин "Мтавари архи" ("Коьрта канал")телеканалан инарла директоро Гварамия Никас леррина гулйинчу брифингехь дIахьедира: шегахь йолчу информацица, телеканалан журналисто Габуния Георгийс Путин Владимирх аьлла дешнаш бахьана долуш, цунна бекхам бан веана хилла Боков Васамбек аьлла. Ткъа иза вен хьажийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву аьлла, дIакхайкхийра Гварамияс.
Журналист Габуния Георгий вен кечам беш хиларх информаци я тIечIагIъе, я и бакъ дац ала бохуш, Гварамия Никас масийттаза Iедалхошна тIедиллича, СГБ-н сайтехь зорбане даьккхира, Боков Васамбек дIалацарх дIахьедар.
Эххар а хIиллане ала тарлучу шайн хаамехь СГБ-но Оьрсийчоьнан вахархо лацарх иштта яздинера: "Боков Васамбек лаьцна, цул тIаьхьа Тбилиссерчу кхело шина баттана чохь вуьтуш сацамбина, цо харц документаш дахарна а, уьш шегахь латторна. Иза лацар нисделла стаг вен кхайкхор толлучу гIуллакхан гурашкахь. Боков лацарца юкъахдаьккхина кхин а доккха зулам", - аьлла, билгалдаьккхина къайлахчу сервисаша шайн информацехь. Габуния Георгийн цIе оцу хаамехь яьккхина яц цкъа а.
Гучудаьлла иштта, гуьржийн къайлаху сервисаша дукха хенахь дуьйна терго латтош хилар, шайн шеконашка воьжначу стагана тIехь, цаьргахь кхелера бакъо хилла цо телефонехула а, шен петарахь а дечу къамелашка ладегIа елла. Оцу тIехула аьтто баьлла церан Боков лаца а, цIена доцу кехаташца лелаш хилла иза аьлла, бехкеван а.
Кхузахь къаьсташ дац, стаг вен кечам беш вара аьлла, бехке стенна ца вина Боков. СГБ-но кхайкхам бина шайн дIахьедарехь, оцу гIуллакхаца интерес мел йолчуьнга "билггал хууш йолу а, я бух боцу информаци ца яржош хилахьара шу, дIахьочу талламашна новкъарло ца еш" аьлла.
Кху исторехь кхин а цхьа хаттар ду - Путин сийсазвина журналист вен кечлуш хилла аьлла, оперативан информаци кечъярехь Украинан къайлахчу сервисийн рол. СГБ-н хаамехь юккъехула хьахийна ду "Интерполехула дуьненаюкъара цхьаьнагIуллакхдар" аьлла.
Свобода Радиога Гварамия Никас дийцарехь, Боков Васамбек лаьттинчу "Кадыров Рамзанан гонерчу нохчийн тобанех" лаьцна хаамаш, Украинера кхаьчна Гуьржийчу, амма журналисташка а, "Коьртачу каналан" куьйгалле а цунах лаьцна хаийтина Гуьржийчоьнан ницкъаллийн структурашкарчу хьостано.
"Габуния Георгийна кхерам латтар билггал бакъ ду. Дера дуьхьал тоьшаллаш дац соьгахь, делахьара ас уьш Iорадохур дара, амма сан карахь долчо, Габуния Георгийна кIело еш хилла аьлла, тIечIагIдан бакъо юьту суна. ГIуллакх дIадоладалар Украинера схьа ду. Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша талламаш болийна, амма цхьа дог ца догIуш, цхьа а шовкъ йоцуш. Эххар а Оьрсийчоьнан вахархо лаца дийзира церан, стаг вен кечам беш хилла волу".
Шеко яц Гварамия Никан, юкъахдаьккхина зулам вовшахтоьхнарг мила хилла бохучух.
"Тхоьгарчу инормацица, Кадыров Рамзан ву иза", - боху цо.
Оьрсийчоьнан вахархо Габуния Георгий вен кечлуш хилла боху верси гуьржийн къайлахчу сервисаша "дог ца догIуш" толлуш ю стенна хета хьуна аьлла, Свобода Радионо шега хаьттича, иштта жоп ло Гварамияс:
"Дуьненчуьрчу массо а демократин пачхьалкхашна а санна, Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш мостагIе ца хета Гуьржийчоьнна".
Гварамия тешна ву, Немцов Борис а, Политковская Анна а юьйш санна, Кадыров Рамзан "Путинан лаам кхочушбеш вара" аьлла.
"Коьртачу каналан" директора бахарехь, карарчу заманчохь Габуния телеканалан хадархоша Iалашвеш ву.
Масех кIира хьаха Гуьржийчу веана Боков Васамбек ПIаьнказахь вехаш хилла харц кехаташца. Иза лаьцначул тIаьхьа цуьнан цIийнах хьоьвсинера СГБ-н спецназ, амма шеконе цхьа а хIума карийна яц.
ПIаьнказарчу нохчаша аьлла журналисташка, шайн хьаша "Нохчийчуьра ведда веана вара Кадыров Рамзанца барт ийгIина", "Гуьржийчохь цхьа а вен Iалашо яцара цуьнан" аьлла.
Ткъа ша Габуния Георгий а тешна ву, стохка Путин Владимирх лаьцна ша аьлла дешнаш бахьана долуш, шена бекхам бан арабевлла аьлла. Ша аьллачунна дохко ца ваьлла ша боху цо, шегара даьлларг а нийса лору цо, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан президент "Гуьржийчоьнан мостагI" волу дела.
2019-чу шеран аьхка "Рустави-2" телеканалехь эфир хьош, Путин Владимирах лаьцна маьттазчу маттахь вистхилира Габуния. ХIетахь доладелира цунна кхерамаш тийсар.
Телекомпанин гIишлона хьалха акци дIаяьхьира, журналистера даьллачунна эргIадбахначу Тбилиссин бахархоша.
Бехк биллира журналистана Гуьржийчоьнан Iедалхоша а, иштта, пачхьалкхан хиллачу президенто Саакашвили Михаила а цхьана.
Цхьана ханна эфирашка ца вуьтура Габуния, амма хье ца луш юхавеара иза ша болх беш хиллачу "Рустави-2" телеканале. Цул тIаьхьа инарла директорца Гварамия Никаца керла телекомпани кхоьллира. Цигахь болх беш ву иза карарчу хенахь а.
Шайн вахархо дIалацарх цкъачунна цхьана а кепара дIахьедар дина дац Оьрсийчоьнан Iедалша.
Материалан оригинал еша кхузахь.