ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евродепутат: Оьрсийчоьно нах бойъу Германин а, Евробертан а территореш тIехь


Оьрсийчоьно жоп дала деза ша дечу зуламех, яздина Твиттерехь Европарламентан депутата, Германерчу политика фон Крамон-Таубадель Виолинас. Хангашвили верна шайн пачхьалкхан Федералан прокуратуро Оьрсийчоь бехке ярца доьзна аьлла цо:

"Кхин а цхьа тоьшалла ду вайна хиинчуьнца: шира кеп лелайо Оьрсийчоьно нах хьийзорца, байъарца, ца юьту оцу тIехь юьстах ур-атталла Германи а, Европан Барт а. Оьрсийчоьно жоп дала деза цунах а, ша динчу кхечу дуккха а зуламех а. Цуьнга шогга жоп доьху хан тIекхаьчна", – яздина Европарламентан депутата.

Политика комментари йина немцойн прокуратуро Гуьржийчоьнан Iедал хьахош, иза "Оьрсийчоьнехьа ду" аларна. Хьалхо Гуьржийчуьрчу Германин векало Книрш Хуберта хаийтира, "Оьрсийчоьнехьа долу Гуьржийчоьнан Iедал" алар яц Берлинан позици, прокуратуро довзийтинарш Хангошвилис дийна волуш баьхна дешнаш ду, аьлла.

Фон Крамон Виолаc хьахийна гуьржийн журналист Габуния Георгий вен кхерамзаллин никцъаша Оьрсийчоьнна новкъарло яр а. Киллер Гуьржийчу хьажийнарг Кадыров Рамзан хила тарлуш ду, боху цо: «Дика ду гуьржийн Iедало цIий ца Iанадайтина. Европан Берто жигардаккха деза и санна долу боьха зуламаш ца дайта ша ден гIо», – яздина цо.

  • 38 шо долу гIалгIа Боков Васамбек лаьцна Тбилисехь пачхьалкхан ницкъаша. «Мтавари архи» телеканалан инарла директора Гварамия Никис Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехкевина журналист Габуния вен иза ваийтарна. Бахьана ду, Гварамияна хетарехь, Габунияс стохка «Рустави-2» телеканалехула Оьрсийчоьнан президент сийсазвеш къамел дар.
  • Германин Федералан прокуратуро Оьрсийчоьнан лаамца нохчийн тIемало Хангошвили Зеламха верна бехкево стохка гурахь, зулам иккхича лаьцна волу Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе яьккхина яц официалехь. Амма журналисташа шаьш бинчу талламашкахь боху иза ФСБ-н ницкъашкахь болхбина а, нах байъарца гоьваьлла а волу Красиков Вадим ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG