ТIебогIучу Товбеца-баттахь тIекхочу хьаж дар "дуккха а лахдина" дIахьор ду COVID-19 пандеми бахьанехь, аьлла СаIудийн Iаьрбийчоьно, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. ХIора шарахь пхеа дийнахь Маккахь ечу Iамалийн барамашка кхача ца магийна махкарчу бахархошний, тIебахккарх бухахь бисинчу наханий бен.
Оцу Эр-Риядан сацамна резабоцурш дукха бу дуьнентIерачу 1,8 миллиард бусалбанашлахь. Бакъду, и сацам бале а яра ХьажIца шайн бахархошна баха доьхкуш массех бусалба пачхьалкх.
СаIудийн Iаьрбийчоьнан хьаьжан а, Iумратан а гIуллакхийн министралло тIаьххьарчу шинарийн дийнахь динчу дIахьедаро бахарехь, махкахь вехачунна, я карарчу муьрехь цигахь нисвеллачунна цхьа а духьало йийр яц хьаж дан. Амма аьлла дац, мел адам дуьтур ду Макка. "И сацам хьаж дечу хенахь юкъараллин могашалла Iалашъян болчу лаамца бина а бу, Исламан Iилманца а богIуш а бу", - боху министралло.
Стохка хьаж дан бахначу нехан терахь рекорде делира – 2,5 миллион адам. Амма кхушара махкахь тIех дукха коронавирус яржаро гIайгIане баьхна СаIудийн Iаьрбийчоьнан дай – цомгуш хилла цигахь 165 эзар стаг, велла 1400 гергга. Иза Iаьрбийн мехкашлахь уггаре доккха терахь ду. Делахь а, пандеми яьржина лелара аьлла доцуш, кху беттан 21-чу дийнахь юхаяьккхина пачхьалкхера карантин а, дукхахболу бехкамаш а.
"Хьаж дар лахдаро" вас йина и фарз кхушара кхочушдан дагахь хиллачу дукха наханна – бусалбанаша шерашкахь гулдо Макка ваха ахча, реза хуьлу некъ бан, мел иза хала хиларх. Бусалбанна тIехь ду шех " пхоьалгIаниг" олу фарз кхочушдар (шахIадат, ламаз, закат, марханаш кхабар, хьаж дар). Шен оьмарехь цкъа мукъа а ваха декхаре ву бусалба стаг ХьаьжцIа (шен доьзалера рицкъ а ца эшош).
Бакъду, сацам хIинцца бинехь а, хьаж дар гатдийр дуйла СаIудийн Iаьрбийчоьнан хьаьжан а, Iумратан а гIуллакхийн министра Мухьаммад Салехь бин Тахер Бантена хаийтира ши бутт хьалха, дийхира бусалбанашка Макка баха болу лаам кхушаренна юхаэцар. Зазадоккху-беттан 20-чу дийнахь дIакъевлира хIинццалц цкъа а неIарш чIаьгIна доцу Маккара Коьрта маьждиг а (ал-Масджид ал-Хьарам), Мединара Пайхамаран маьждиг а. Царел кхо де хьалха къевлира пачхьалкхехь массо а кхидолу маьждигаш, дихкира Iумрат дан.
СаIудийн Iаьрбийчоьнан Iедало яьккхина гIулч тIечIагIъеш, Дуьненаюкъарчу бусалбанийн Лигано а дIахьедина, ша къобалбо пачхьалкхо пандемих нах Iалашбеш бина сацам, аьлла. "Сацам хьекъале а бу, ШарIаца богIуш а бу", аьлла дин Iаморца тоьлла ларалучу "Ал-Азхар" институтан ректора. Оццу маьIнехь ду бусалба динан массех дуьненаюкъарчу хьукмато дина дIахьедар а.
Делахь а дукха бу Бусалба дуьненахь СаIудийн Iаьрбийчоьно ХьаьжцIа боьду некъ боьхкуш бина сацам цатайнарш, динан хьашташ кхочушдар доьхкийла дац цхьана а цамгаро, аьлла хета царна. Цу тIе, хаттар ду даьржаш дуьнентIерачу бусалбанашлахь: хьенан ю Исламехь еза йолчу меттигех, хIусамех доладан бакъо, стенна даржадо СаIудийн Iаьрбийчоьно ша бусалба нехан лидер лору къамелаш? И шеконаш алсамъевлира 2015-чу шарахь ХьаьжцIа бахначу нахах, вовшийн хьешна, 2300 стаг велча. Эр-Рияде кхоччуш дола ца дало бусалбанаш хьаж дан махка кхачорах а, царна Iамалан барамашкахь кхерамзалла хIотторах а, боху критикаша.
Эр-Рияд юьхьIаьржа хIоттош ду цо Йеменехь бомбанаш еттарца маьрша нах байъар а, хьалхо журналист ХIашогги Джамал Туркойчуьрчу шен векалтехь вер а. Оцу юьхькIаме боцчу хиламаша суннатийн пачхьалкхашка ойла йойту, оьший-те кхидIа СаIудийн Iаьрбийчоьнца гергарло лелон, бохуш.
Хьаж "гатдаро" СаIудийн эланашна а до доккха зен – хаъал лахло пачхьалкхан бюджет юзу ахча, ткъа мохк ишта а бу пандемино а, мехкдаьттан мах ларбаларо а бохьучу эшамашна кIел. Официалан терахьаша бахарехь, лаххара а 12 миллиард доллар са хуьлу оцу пачхьалкханна бусалбанаша хьаж дечу муьрехь.
Кху баттахь Индонезино – 266 миллион бусалба нах бехачу пачхьалкхо – дIакхайкхийра, шена хаа лаьа, хьаж дар наханна хIун бакъонца доьхку, аьлла, амма ца делира Эр-Риядо цунна жоп. Оцу бахьаница Индонезино дIахьедина, шен бахархой гIур бац хьаж дан кхушара, аьлла. "Къаьхьа, вуно хала гIулч ю иза, амма ца яьккхича тхо ца довлу", - аьлла Индонезин президента Видодо Джокос. Оцу махканна тIаьххье, хьаж дийр дац шаьш, дIахьедина Малайзино а, Сенегало а.