Гуьмсехь елла, сихаллехь дIайоьллинчу Умаева Мадинин марзхошна керла цIа дина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь гайтина цунах лаьцна сюжет шоьтан дийнахь.
Еллачун хIусамда хилларг ву шен кхаа бераца керлачу хIусаман чоьнашка хьоьжуш. Билгалдаккхарехь, Кадыров Ахьмадан фондан чоьтах дина ду цIа.
"Массо а оьшу хьелаш хIоттор а, иштта йийбар а цхьаьна гIоьналлин организацино шена тIелаьцна", - боху сюжетехь.
- Мангал-беттан 12-чохь елла карийра Гуьмсехь 23 шо долу Устрада-гIалара Умаева Мадина. Оцу буса сихаллехь дIайоьллинера иза. Талламан комитетан тIедилларца, еллачунна эксгумаци йира.
- Хьалхо хааме даьккхинера, йоьIан дакъа хьаладаьккхича цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедина хиларх, шен йоьIан дегIа тIехь муо гира шена, цундела иза йийна хиларх шеконаш ю шен аьлла. Жимачу зудчун марзхоша дIахьедора, эпилепси олуш яра иза, лазар деана елла бохуш. Кхо бер диссина Умаеван – кIант а, ши йоI а.
- Хиллачун дуьхе кхиа юкъагIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Конфликтан массо а декъашхошца цо гулам дIабаьхьначул тIаьхьа, еллачун нанас Хутмата шена гечдар дийхира невце Хамидов Висхьаьжега а, цуьнан нахе а, ша "доцург" дийцарна.
- Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бевлла оцу инцидентан хьокъехь бакъонашларъярхой, Умаеван гIуллакх таллар Нохчийчоьнал арахьа хилийтар доьхуш а, цунна тIехь цо шен Iуналла дар доьхуш а.