ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нехан дегнаш зуьй Нохчийчуьрчу Iабдул-Маликан цамгаро


Исламов Султан, кинон, театран, эстрадин артист Гачаев Iабдул-Малик волчохь
Исламов Султан, кинон, театран, эстрадин артист Гачаев Iабдул-Малик волчохь

Ах шо сов хан ю Нохчийчуьра волонтераш Шелан кIоштарчу Жимачу АтагIарчу цхьа шо ах шо долчу Гачаев Iабдул-Маликан дуьхьа нахера ахча гулдеш хьийза.

Спиналан дилхан атрофи ю беран. Ткъа деккъа цхьа дарба бен доцу и цамгар юхаяккха юьсу хан яц дукха а. Ши шо кхачале дуьнентIера уггаре беза маха "Золгенсма" тоха беза кIантанна – цуьнан мах бу 2 миллион 280 эзар доллар.

Делахь а дог ца дуьллу Iабдул-Маликна дахар совгIатдан арабевллачу жигархоша. Массех акци дIаяьхьина цара, социалан машанех буьззина пайда а оьцуш, Нохчийчухула, Оьрсийчоьнан мехкашкахула, Европехула, Малхбалехула. Дукха наха, къаьмнийн векалша ахчанаш хьийсийна кIентан могашалла денъян кхоьллинчу фонде.

Амма цкъачунна кхачанза ю Iалашо чаккхене. Таханенна гулдина даьлла 141 миллион сом, тIеоьшу кхин а 19 миллион.

Волонтер
Волонтер

ГIурбан денош тIехIиттина хилар тидаме а дуьллуш, рогIера жигараллин акци кхайкхийна волонтераша Нохчийчухула а, дуьненан кхечу мехкашкахула а.

Шуьйрра яьржина лела акци тергоне ийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Хьалхо республикан фондо 55 миллион соьманна молханаш а, cадаIар аттачу доккху аппарат а елира Гачаев Iабдул-Маликна. Дукха хан йоццуш Кадыровс махкарчу долахошка а, хьаькамашка а кхайкхам а бира, ахча гулдечохь дакъалацар доьхуш.

Мехкан куьйгалхочо кхайкхам бинчул тIаьхьа баккхийчу хьаькамех акцехь дакъалаьцна, масала, транспортан, зIенан министра Черхигов Рамзана а, цуьнан доьзало а – цара делла Iабдул-Маликна сагIийна 1,5 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG