ХIокху аьхка Венехь кхелхира хе даьхьна шен ши бер кIелхьардаккха гIоьртина Австрехь еха Нохчийчуьра 30 шо долу жима зуда. Шен шина бераца а, марненаца а садоIуш хиллера иза Дунай хийистехь. Цхьана маьIаргонна луьйчуш йолу ши йоI хино дIатакхийна хиллера. Ши а зуда хи чукхоссаеллера, ши бер кIелхьардаха дагахь. Бераш а, денана а кIелхьаръяьккхира орцахбевллачу наха, ткъа шина йоIан къона нана коме юьйжира. Иза елира дарбан хIусамехь ши кIира даьлча. Оцу доьзалх цхьанна а нека дан хууш ца хиллера. Цул тIаьхьа Аавстрехь бехачу нохчаша дийца даьккхина нека дан Iамо дезаш хиларх а, цунна новкъарло еш долчух а льацна.
Социалан я динца йоьзна проблема?
Австрехь, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь санна, нека дан Ӏамор, декхар долу дешар санна, юкъатоьхна ду юьхьанцарчу школин программина. Физкультуран урокашкахь бераш дуьгу бассейнашка. Амма дерриг а бераш ца хуьлу цу тайпачу урокашкахь дакъалоцуш.
Дуккха а шераш ду, аьтту агIорхьара радикалан политикаша кховдорца, оцу пачхьалкхехь дискусси дIайоьду, мигрантийн доьзалшкара цхьаболчу дайша-наноша доьхкаш хиларх лаьцна шайн берашна нека дан Iаморан урокашка лела, динца доьзна бахьанашца. Делахь а, проблема мигрантийн берашна нека Iамо бакъо луш цахиларца доьзна дац , аьлла, хета оцунах лаьцна ши шо хьалха Австрерчу школашкахь таллам бинчу Кахильски Морисна.
"Дин бахьана долуш шайн берашна нека Iамочу урокашка лела бакъо ца лучу нехан терахь дукха жима ду, уьш пIелгашна тIехь багарбалла бен бац ", - боху цо.
Кахильскина хетарехь, кхоллаелларг социалан проблема ю: мигрантийн дай-нанойн аьтто бац нека Iаморан лерринчу курсех мах бала, ткъа школехь луш йолу урокаш тоам болуш яц юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача. Мигрантийн доьзалийн аьтто бац шен-шен рожехь бераш бассейнашка лело а, иза а дораха цахиларна.
Нохчийчуьра схьабевллачу бахархошца доьзнарг чолхе долу, дукхаха болчу баккхийчарна, къаьсттина зударшна, нека дан хууш цахиларна.
Цхьана агIор иза доьзна ду, луларчу Дагестанца дуьстича, Нохчийчохь хIорд я, нека дан аьтто а болуш, лийча хиш (Iаьмнаш) цахиларца. Оцу бахьанца неха кегийра болуш дуьйна доцуш ду хиш тIехь лела хаар. Вукха агIор, нагахь цхьайолчу меттигашкахь гена доццуш лийча мегар долу Iаьмнаш я хиш хилча а, цига зударий ца лела.
"Европерчу кхечу пачхьалкхашца дуьстича, Австрехь уггар лахара терахь ду, хи чу а дахана адамаш даларан. ХIора шарахь юккъерчу барамехь хи чу воьду 120 стаг, царах кхелха 30-40 процент", - элира Кавказ.Реалиин корреспонде ЦIен ЖаIаран Австрерчу векало Штайнхоф Фольфганга. Цо бахарехь, дукхачу хьолахь бохамаш хиларан бахьана ду ойла еш цахилар.
"Къаьсттина бераш а, хене бевлла нах а ларбала беза луьйчуш, хIунда аьлча нека деш дукха ницкъ бойу, тъа цара, коьртачу декъана, болчул а тӀехлору шайгахь болу ницкъ", - тIетуьйхира цо.
Айхьа гIо де хьайна
ХIокху аьхка хилларг дуьххаьрлера цу тайпа бохам бац Австрерчу нохчийн диспоран декъашхошна юкъахь хилла. Масех шо хьалха Венехь, Нохчийчуьра къонан нана Дунай хийистехула йолаяла араяьллера, шен ши бер а эцна. Цхьа бер куьг лаьцна дуьгуш хиллера цо, важа наб еш хиллера берийн гӀудалкх чохь. Цхьана кIеззиг ханна, тормозна тIе а хIоттийна, иза дIахецнера цо, доккхаха долчу беран хьаште хьажа. ЦIеххьана гӀудалкх хи чу хьаьддера, нека дан ца хууш йолу нана цунна тIаьххьахьаддера, амма нека дан ца хууш йолу иза хе яьхьира.
Австрерчу нохчийн нанойн кхеташонерчу социалан консультанто Матаева Маликас дийцарехь, нека дан ца хаар йоккха проблема ю Нохчийчуьра схьабевллачу нехан.
"Нохчашна чIогIа деза спорт лелор, амма коьртачу декъана ницкъаллин спортан кепаш ю цара лолораш. Нека дан Iамош кIезиг нах бу. Кхин а кIезиг бу нека дан Iамош йоIаршна а, зударшна а юкъахь. Венехь дуккха а ю юкъараллин бассейнаш, амма цига баха къасто деза леррина зударийн де, амма цу тайпа денош кIезиг ду", - боху Матаевас.
Цо дийцарехь, школашкахь ю леррина нека Iамо урокаш, амма царна къастийна ду дукха кIезиг сахьташ. "Иза, дукхаха дерг, куьцана лелош хIума ду, баккъалла а нека Iамош гIо дар а доцуш", - боху цо
Матаева тешна ю: хIоьттинчу хьелашкахь, жимма Iамийна а, нека дан Iамо меттахбовла безарш шаьш зударий бу, нагахь цIеххьана хьал хIоьттина меггит нислахь шайна а, кхечарна а гIо дан доьналла долуш хилар Iалашонца.