ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоьнан бахархойх пайда оьцу бIаьхойх санна". Санкцешна муха жоп ло Кадыровн пропагандо


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Американ Пачхьалкхан департаменто санкцеш кхайкхорца йоьзна Нохчийчохь социалан машанашкахь флешмобаш ю дIахьош республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а гIортор еш. Муха болх беш ю Кадыровгахьара йолу пропаганда, кхайкхийна санкцеш а йолуш, стенца доьзна ду уьш кхайкхорца йоьзна оццул буьрса реакци хилар а?

Керла санкцеш цхьаьна яьхкина, Нохчийчохь Iедалшкахьа пропаганда яр жигардаккхарца. Цуьнца доьзна ду Кадыровна гIортор еш вуно дукха комментареш гучуйовлар, билгалдоккху "Мемориал" бакъоанашларйон центран кхеташонан гIантдас Орлов Олега.

"Нохчийчуьрчу режимо юьхьарлаьцна информацица къийсам латторан керла кеп. Шен чулацамца информацин тIом бу дIахьош, ткъа адамаш оцу тIамехь герз ду. Берриг а Нохчийчуьрчу бахархойх буьззинчу барамехь пайда оьцуш бу бIаьхойх санна. Цу тайпа декхар хIоттийнера керлачу информацин министарна Дудаев Ахьмадана хьалха. Иза хилира республикан массо а бюджетан хьукматашкахь а, министраллашкахь а. Министро дийца дезарг хIун дара? Церан болх муха гайта беза. Ткъа цо мелхо а тIедожийра хьукматийн куьйгалхошна Iедал хесто бюджетникаш муха вовшахтоха беза бохург. Эццехь санкцеш кхайкхийра.Вуьшта аьлча цхьанадеана иза", - боху Орловс.

МогIарерчу нохчашка кхерамазалла эцалур яц кхин бистцахуьлуш Iарца, хIоранна а тIедожийна машанашкахь жигаралла гайтар а, Нохчийчоьнан куьйгаллех лаьцна хьесталуш комментареш яр а, билгалдоккху бакъонашларъярхочо: "Санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа бахархой декхарелахь бина шаьш муьтIахь хилар гайта. Иза кхин ойла йолчу нахаца къийсам дIабахьаран кеп ю. Цуьнца цхьаьна сурт хIоттор а ду: дерриг а хьалкъ цхьанаэшшара Кадыров Рамзанна гIортор еш долуш санна".

Кадыровн режим кхин а алсам тарлуш ю Къилбаседа Корейн лидерийн политиках, боху Орловс: "Кадыровн реакци кхето гIорта хала дац: шена кхераме яц санкцеш, боху цо, амма оццу хенахь буьрса реакци а гойту цо. Делахь а тоталитаран режиман мах хадо мегар дац и режим цхьа маьIна долу чулацам болуш йолуш санна. Ким Чен Ына-н режимо лелош дерг ду шен цхьа чоьхьара логика йолуш. Цигахь юх-юха а репрессеш лело еза, уьш оьшуш ю профилактика санна. Къилбаседа Корейхь а ю чакхе йоцу и парадаш, барам боцуш хьаьким хестор. Цул сов, бахархошна юкъахь лело езаш хуьлу барам боцуш чIогIа, шога пропаганда. Нохчийчуьра Iедалш лела цу кепара".

Нохчийчоьнан куьйгалхо хиндолчу диканах а, толамах а тешна велахь а, санкцеш там боцуш ю цунна, тешна ву Орлов: "Цуьнан йоI пандеми йолаялале Париже яхара, шен модин цIа а, дизайнерийн проекташ а эцна. Суна ца хета иза церан доьзалан бизнесан мехала дакъа ду аьлла, амма иза там бу, шех шовкъ хилар ду, Парижехь а ду-кх тхо векалш санна аьлла. Ткъа хIинца хила мегаш ду, дIоггара Париже даха а йиш хир яц бохург".

Firdaws модан цIийнан директор, Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат ю Парижехь духаран керла коллекци гойтуш
Firdaws модан цIийнан директор, Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат ю Парижехь духаран керла коллекци гойтуш

Нохчийчоьнан куьйгаллан керлачу санкцешна реаци иштта хилар доьзна ду цуьнан имиджна а, дегаллана а тохар дарца, ша Кадыровс вочу хаамех а пиар еш пайда эцахь а, аьлла хета анализан а, конфликташ цахилитаран а Центран директорна Сокирянская Екатеринина.

"Рамзан Ахматович шега забар а йоцуш хьожу. Иза воьлла вац шех лаьцна вониг дийцарх. Иза воьлла, шена гонах болу нах ша дагвоьхна, шех баккхийбеш хиларх. Ткъа критиках воьлла вац иза, Нохчийчоьнан куьйгалла кхерамашца Iаткъам бан гIертачу цхьаболчу журналисташкара бен. Куьйгалло юьхьарлаьцна принцип ю муьлхха а Iиттаршна жоп дала деза, тIехъялийта мегар дац цхьа а бехкбаккхар я артикл, аьлла. Ткъа жоп хуьлу дукхачу хьолехь цхьана ца догӀуш кIоршаме: гарехь, кхечаьрга изза ца дайта. Ткъа кхузахь – санкцеш ю, дуьненаюкъарчу тIегIанехь тIаьхьалонаш йолуш хила мегаш йолу. Жоп муха лур дац? Кхин ду Америкица къийса, мел хIуъ дийцича а, хала ду – тайп-тайпана йозаллин категореш ю", - боху цо.

Сокирянскаяс дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчоьнан Iедалш дерриг а деш ду, халкъан безам бу шай куьйгалхочуьнга бохург гайта: санкцеш – уьш мостагIийн таьжгенаш ю, ткъа нохчашна веза, республикерчу телевизионехула а цхьана, гуш-хезаш цунах хIинца олуш ма хиллара, шайн "падчахь".

Гергарчу хенахь санкцеша цхьа а гуш зен дийр дац Нохчийчоьнан лидерна, аьлла хета Сокирянскаяна: "Цара цIена техникан кепехь новкъарло ян мега Кадыровн махкал арахьа йолчу цхьана бизнесна, финансаш дIасалеларна. Социалан машанашкахь блокаш хIитто а мега цунна. Кадыровн йоI Европерчу коьртачу гIаланашка ца йита а мега, мода гойтучу хиламашкахь дакъалаца. Амма гергарчу хенахь, хIора дийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун дахарна санкцеша цхьа а Iаткъам бийр бац. Мелхо а, Кремлан бIаьргаш чохь цуьнан статус хьалаяккха а мега цара. Ткъа хенан йохалла, нагахь махкахь хьал хийцалахь, уьш мелла а Ӏаткъаме гӀирс хила а мега".

ДоггIучура аьлча, санкцеш кхайкхийна 2 даьлча Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Кадыров чинехь лакхаваьккхира: цунах инарла-майор вира. Кремло кхетийра и сацам, Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ницкъаллин структурийн вовшашца уьйр латтайо терроран кхерам иккхича" аьлла.

Масхадов Анзорна, сепаратистийн Ичкерин вийначу президентан кIантана хетарехь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалхкан департаментан санкцеш лазаме хилла нохчийн куьйгаллана: "Иза чӀогӀа новкъадеана царна, церан реакцега хьаьжча вайна гуш ма хиллара. Кхин а гIоли хир дара царна хIаваъ дIалакъийча Европехь а, Iаьрбийн пачхьалкхашкахь а. Кхушара цара сацам бира шайн критикаш дIалакъо тайп-тайпана кепара: гергарчарна Iаткъам бар, байъар, массарна гуш-хезаш гIело яр".

Масхадовс дийцарехь, Нохчийчохь бехачу цуьнан гергарчеран саццанза проблемаш хуьлу Iедалца: "Дукха хан йоццуш Iаткъам бира тхан ненан вежаршна. ТIаьххьара баьхкинера царах воккхахверг волчу, цул тIаьхьа де, ши де далале велира иза. Хьалха иштта уьш (ненан вежарий) дIабигира [кадыровхоша], царна билламаш бехкира, хIокху номерца хIокху стаге телефон а тоьхна, цуьнга ша дийцинарг [режимана критика яр] бахьана долуш бехк ца биллар ца дехийтахь, шаьш гергарчарца йист йоккхур ю бохуш. Ас уьш гена дIахьовсийра, шу хIун къонахий ду, нагахь аш зударий а, къаной а кхерош хилча. Соьга жоп деха шаьш гIерташ хилча, боьрша наха санна де иза, стагехь товш доцчу кепашца а ца деш аьлла".

Карарчу хенахь нахана бомбанаш етташ яц, "зачисткаш" яц, амма нохчийн халкъана дуьхьал идеологин тIом бу дIахьош, боху Масхадовс: "Адамаш кхерош ду сийдоцчу кепашца, ткъа оццу хенахь, хIинцале а кхечу агIор язйина а, хийцина а шайн истори ю цара кегийрхойн дегнашна чуюьллуш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG