Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан секретаро Помпео Майка, ша Iаламат саготта хилар дIахаийтина, Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре баьхначу Американ хаамийн гIирсийн балхана Оьрсийчоьнан Iедалхой новкъарло ян гIертарна.
Оршотан дийнахь ша динчу дIахьедарехь Помпеос тидам тIебохуьйту, журналисташа зорбане йохучу материлашана тIехь "арахьара агент" аьлла, билгало яр тIедожош, дукха хан йоццуш Роскомнадзоро Iораяьккхинчу низаман проекто, редакцешна хьалха кхочушбан атта доцу билламаш бахкар, ишта а, Оьрсийчоьно лимит хIоттийначу царна кхин тIе а дозанаш тухуш хилар.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьара агенташ" леринчу хаамийн гIирсашна карарчу хенахь диттина дозанаш, "ишта а хааме ду, цхьана а кепара прецедент а йоцуш" аьлла, билгалдоккху Iамеркан пачхьалкхан департаментан секретаро динчу дIахьедарехь.
Роскомнадзоран низаман проект зорбане яьккхира Оьрсийчоьнан Федералан нормативан бакъонийн актийн проектийн порталехь кху шеран Товбеца-баттахь.
Журналистийн материал кхоьллина а, яржош а ю "арахьарчу агенто" аьлла, билгало ян езар ю, цу низамца а догIуш. Нагахь санна, инструкци тIеэцна, чIагIъяхь, хIора текстан а, аудион а, видеопубликацин а коьртехь низамна юкъара 30 дашах лаьтта текст язъян дезар ду. Йозанан шрифт журналисташа бечу хааман элпийл а шозза даккхийчу элпашца къастийна хила езар ю, оццу бигалонца хила езар ю видеороликаш а, аудиофайлаш а. Юьххьехь 15 секундехь латто деза 30 дашах лаьтта низаман чулацам.
"Маьрша Европа Радион медиакорпораци а, "Американ Аз" ("Голос Америки") а Оьрсийчоьнан аудиторина дахарехь оьшуш йолу йозуш йоцу керла информаци дIакхачо хьосташ ду, - аьлла Помпеос шен дIахьедарехь. - Тхан боккъал а сагатдо, Оьрсийчоьнан Iедалхоша зорбанашна дечу тIелетарша. Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, дуьненаюкъара коьрта бакъонаш Iалашъяре а, ОБСЕ-н маьрша дош ала кхачийна бакъонаш а тIех ца тийсаре. Оха кхайкхамбо Оьрсийчоьне, Вашингтонан а, Москван а юкъаметтигаш кхин тIе а талхор йолу, керла юкъабаьхна барамаш совцор".
Журналистийн балхана юкъа а гIерташ, церан кхерамзалла ца ларйо дуьненчуьрчу дуккхаъчу Iедалхоша аьллера, маьршачу зорбан денна леринчу шен дIахьедарехь Маьрша Европа медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис.
"Свобода Радионо иттанашкахь шерашкахь Iорадоккху кхерамаш лаьттачу мехкашкара хьал, атта хIума дац иза. Iедал адамца дера хьийзаро, журналисташна дуьхьал буьйлу зуламхой а таIзаре ца хIотторо йолчу тIе а йохайо журналистан бакъдерг дийца таронаш", - аьлла ду Синделаран дIахьедарехь.
Иштта карладаьккхина медиакорпорацин президенто тIаьххьарчу шерашкахь Радион белхахошна деттачу дозанех а.
"Роскомнадзоран инициатива - хаамийн гIирсийн балхана кхин тIе а дозанаш диттина ца Iаш, ешархой кхеро хьийза уьш. ХIора денна Оьрсийчуьрчу миллионашкахь бахархошка дIакхачайо пачхьалкхехь билггал хуьлучех информаци. Кечдечу нормативан актийн Iалашо ю, бакъйолу информаци лоьху нах кхерор, шаьш зуламхой ду, я тхан материалаш йоьшучу, я цаьрга хьоьжучу заманчохь шайна кхерам бу аьлла, царна дагатасийтар", -аьлла хьажам бу Синделаран.
Американ Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо бозуш боцчу журналисташна тIеIаткъам барна, "арахьарчу агентех" низамаш юкъа а даьхна. Пачхьалкхан департаментан векало Нойерт Хизера дIахьедора, оьрсийн Iедалхоша Iамеркан хаамийн гIирсашна ("Iамеркан аз", "Маршо Радио") дуьхьал бен лелош ца хиларх и низам. Иштта комменари йитира Нойерта Москохарчу кхело "Маршо Радио" медиакорпорацина гIуда тохарх.
Арахьарчу зорбанашца болх бен журналисташ "агентийн" статусе бахар а иштта критике диллира Нойерта. "Оьрсийчоьне юха а кхайкхамбо Цхьанатоьхначу Штаташа… коьрта бакъонаш ларъяре, маьрша дош алар а цхьана", - дIахьедора Нойерта.
ОБСЕ-н маршонехула йолчу медиан векало Дезир Арлема хьалхо емалдира "Маршо Радио" "арахьара агент" ларар, оцу низамо Оьрсийчуьрчу прессан маршо лахйо аьллера цо.
Оьрсийчоьнан аудиторин интересехь болх бечу йозуш йоцчу медиана тIелатар ду элира кхело тIеэцна сацам Iамеркан BBG-н директоро Лэнсинг Джона. Цо билгалдаьккхира, Iамеркан Конгрессо ахчанца латточу "Маршо Радио" медиакорпорацина а, "Американ аз" радиокомпанина а дуьхьал долийна ду и низам аьлла.
Свобода Радио а, цуьнан регионалан интернет-проекташ а, иштта «Карара Хан» («Настоящее Время») телеканал а, кхин а масех Маьрша Европа Радион редакци а, «Американ аз» («Голос Америки») 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре ехира. Журналистийн материалаш а, иштта финансех долу документаш зорбане дохуш а, декхаребора билгало ян.
2019-гIа шо чекхдолуш Оьрсийчоьнан низамехь бинчу хийцамаша бакъо елира "арахьара агент" статус цхьаболчу журналисташлахь яржон а.
Оьрсийчоьнан Iедалхошна хетарехь, юкъадаьхначу низамаша журналистийн балхана детташ дозанаш дац, оцу барамаша редакцийн белхан административан а, техникан параметрашна Iаткъам бо.
Маьрша Европа медиакорпорацин куьйгалло Оьрсийчоьнан Iедалхоша хаамийн гIирсашца доьзначу низамех - "арахьарчу агентех" лелориг "журналисташна тIаьхьабевлла лела Iалашонца, Кремло магийна информаци бен шайн бахархошна ца кхачо гIертар ду" боху.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн низамаша Маьрша Европа Радион журналисташна маршо ло, церан реадкцин политикана юкъа ца гIоьртуьйту.
Оьрсийчоьно йозуш йоцу организацеш а, хаамийн гIирсаш а "арахьарчу агентийн" статусе бахар масийттазза емалдира малхбузерчу пачхьалкхаша а, дуьненаюкъарчу бакъоIалашъяран юкъараллаша а.
Оьрсийчоьнан векалша дукхазза чIагIдора, "арахьарчу агентех" шаьш тIеэцна низам, Iамерко Оьрсийчоьнан RT (Russia today) телекомпанига "арахьара агент" алий, шайн телехьожийлана регистраци яр тIедожорна дуьхьал лело барамаш бу аьлла.
Амма, RT телехьожийло дийнахь а, буса а кабелан машанашкахула Цхьаьнатоьхначу Штатийн массо а дозанашкахула дIахьо шайн эфираш, Американ бахархошна дихкина дац RT а, Sputnik олучу гIирсаша а арахоьцучух пайдаэца. Ткъа Оьрсийчохь аьтто бац телеэфире хьажа а, радион тулгIенаш лаца а.
Оьрсийчохь хаддаза де дийне гоьйолуш ю Свобода Радио. Карарчу шарахь цуьнан сайташка язбелла 12 миллион сов ладогIархой а, хьовсархой а. Интернетехь Радионо шен болх болийчхьана, тоьлла жамIаш ду гойтурш. YouTube-хь Свобода Радион юкъараллехь ву миллионал сов стаг, ткъа Фейсбукехь - 720 эзар ешархо.
Нийсса 70 шо хьалха, Товбецан-беттан 4-чу дийнахь араяьлла Маьрша Европа Радион дуьххьара эфир.
Radio Free Europe кхоллаелла Малхбузенан а, социализман блокехь йолчу пачхьалкхийн юкъаметтигаш гIоьртина лаьттачу, шех "шийла тIом" олучу муьрехь. Шен болх цо тIехьажийна хилла Советийн блокерчу ладогIархошна — Болгарин, Венгрин, Полшин, Румынин, Чехословакин ладогIархошна. Дуьххьара шен эфир Радионо арахецна Баварерчу Лампертхайм гIалара чехийн маттахь. Оццу хенахь ян йолийна цунна эфир яржош йолу станци Португалерчу "Глория" цIе йолчу меттехь.
"Маьрша Европан" корреспонденташлахь бара Малхбалерчу Европера эмигранташ – журналисташ, яздархой, публицисташ. Шайн декхар лорура цара дуьнентIера хьал довзийтар, политикан, экономикан, синбахамаллин, Iилман проблемаш йийцар – Малхбалерчу блокан мехкашкахь коммунизман идеологина товриг бен дацара даржош.
1976-чу шарахь цхьаьнатуьйхира ши радиостанци – Маьрша Европа Радио а, Маршо Радио а. ХIетахь дуьйна цхьа корпораци а хилла болх беш ю Радио Маьрша Европа/Маршо Радио. Цо арахоьцу эфир, кхийолу журналистикан материалаш 23 маттахь. Радион коьрта хIусам ю Прагехь.
"30 шо даьлла «аьчка кирхьа» доьжна, хийцаелла юкъаметтигаш, амма йисина тохарлерра проблемаш. Тхан коллегаш муьтIахь бу шайн балханна, аудитори а теша тхох. Хьелаш мел хала хилча а, до оха дерриг а бакъ хаамаш бовзийта, масал гойту, пресса маьрша муха хуьлу хоуьйтуш – иза вуно деза ду шен проблемех лаьцна кхечу меттехь дийца таро йоцчунна", - боху Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис.
Нохчийн маттахь Маршо Радионо программаш кечйора Къилбаседа Кавказан сервисан декъахь 1972-гIа шо тIекхаччалц. ЮхаметтахIоттийна сервис а, нохчийн редакци а 2002-чу шарахь.
Медиакорпораци еха Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо луш йолчу гранташна тIехь, ткъа корпорацин политика яц йозуш цхьаннах а, ларйо низамаша муьлххачу а политикан тIеIаткъамех.