Байначу баттахь Азербайджанан-Эрмалойчоьнан дозанехь тIом иккхина хилар а, цигIахь Iаьнна цIий а ца гуш, Оьрсийчоьно Эрмалойчу герзаш хьийсор харцо ю, дIахьедина Азербайджано.
Марсхьокху-беттан 13-чу дийнахь Азербайджанан президентан Алиев ИлхIаман пресс-векалто ша бечу хаамехь билгалдоккхина, "де хьалха и гIуллакх" Алиев ша Оьрсийчоьнан президентаца телефонехула дечу къамелехь къасто гIиртина хилар. Азербайджано дIахьедо, Оьрсийчоьно Эрмалойчу 400 тонна герзаш кхачийна кеманашца Казахстанехула а, Туркменистанехула а, Иранехула а, аьлла.
Амма Кремло, Путина а, Алиевс а къамел дина вовшашца, аьлла, баржийначу хаамехь дац Оьрсийчоьно Эрмалойчу герз хьажор хьахош. Президенташа "йийцарейина регионера проблема, Азербайджанан-Эрмалойчоьнан дозанера хьал хьахош, шен агIор Оьрсийчоьно билгалдаьккхина и хьал шагдеш йолу гIулчаш кхераме хилар ", боху Кремлан пресс-релизо.
Шина пачхьалкхан дозанехь бахначу беттан 12-чу дийнахь иккхина тIом лаьттира деа дийнахь. Эрмалойх лаххара а велла пхи эскархо. Азербайджанан агIор вийнарг ву 12, шайлахь инарла Хашимов Полад а волуш. Ломан Карабах къуьйсуш иккхина конфликт яьлла иттаннаш шерашка. Ткъа Оьрсийчоь йогIу Европан кхерамзаллин а, юкъахь къахьегаран а организацино Минскехь Азербайджанний, Эрмлойчоьнний юкъа машар билла къастийначу пачхьалкхийн декъа (Оьрсийчоь йоцург, оцу тобан декъашхо ю Американ Штаташ а, Франци а).