ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн къоман мехкаршна "тIехьожу" нохчийн тоба лаьцна Австрехь


Австри, мукъачу дийнахь садаIа цхьаьнакхетта нохчий
Австри, мукъачу дийнахь садаIа цхьаьнакхетта нохчий

19-37 шераш долу ялх нохчо лаьцна Австрин полицино, цара кхерамаш туьйсуш, маьрша баха ца буьту къона зударий, аьлла.

Полицин пресс-векалтан белхахочо Дитрих Маркуса бахарехь, Венера а, Линцера а бу лецнарш, ю царалахь цхьа зуда а.

Ша-шех "оьздангаллин полици" йина лелла и тоба, чIагIдо талламо.

Социалан машанашкахь, иштта, школашкахь, арахь нохчийн мехкарий тергалбеш хилла оцу тобано. Къоначу зударий хатI, лелар къоман ламасташца ца догIу аьлла шайна хетачарна кхерамаш тийсина лецначара, социалан машанашкахь, къевлина лелочу агIонашкахула, даржийна церан суьрташ, аьлла бу талламо тIебаьхьина бехк.

Къамелашца кхерамаш тийсарал а совнах, цхьаболчу мехкаршна етта а йиттина тобано. Зударийн дай-наношна а туьйсуш хилла цо изза кхерамаш, боху Австрин низамхоша.

Лецначарна цIийнах хьовсуш, герз а карийна.

Изоляторехь латточу ялханнах цхьаьннан доттагIчуьнца къамел хилира Кавказ.Реалиин. Цо бехке ца лору лецнарш: "Цара цхьа а ца хьийзийна, етта а ца йиттина. Церан бехк цхьаъ бу: доглозу шайн къомах. Цара гIиллакхехь, шаьш оцу зударийн гергара а хеташ, царна хьехамаш бора, оьздангаллин новкъа баха гIертара", - дийцира шен цIе йовзийта ца лиинчу Венерчу нохчочо.

Лецначара кхерамаш тийсинчу цхьана зудчуьнца а хилира къамел Кавказ. Реалиин. Цо дийцарехь, цхьамма цуьнан инстаграм-агIонера сурт схьа а эцна, "оьздангалла тергалъечу тобане" хьажийна, цул тIаьхьа сурт WhatsApp-ехула леладаьлла.

  • Цхьаццайолчу хьостанаша бахарехь, 30 эзар гергга нохчийн мухIажир веха Австрехь. Европехь уггаре яккхийчу диаспорех цхьаъ ю оцу махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG