Шен 23 шо долу йоI Умаева Мадина цуьнан хIусамдас йийна хила тарло аьлла, нанас динчу дIахьедарца бехктакхаман гIуллакх доло йина дуьхьало юхаэца аьлла, хьехна Нохчийчуьрчу талламхошна. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро шинарин дийнахь бинчу хаамца, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комитетан Коьртачу урхалло, кхара Умаеван кхалхар эвсара таллар тIедожош, динчу дехарна делла жоп ду иза.
"Гуттар а санна, цхьа формале хIума ду хIара, - аьлла Кавказ.Реалиига "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас. - Тхуна моьттура, центрера цхьа сигнал кхочур ю. Амма тхуна дукха гина хIара тайпа гонаш бахар. Чакхе йоцуш дIадахлур долуш хIума ду".
Шайн кехатца бакъонашларъярхоша иштта дехнера, гIуллакх таллар коьртачу талламан комитете дIакховдор. Амма и дан бух ца карийна урхаллехь. Нохчийчуьрчу талламхойн карахь дитина гIуллаккхах кхин дIа йистъяккхар а.
Мангал-беттан 12-чохь елла карийра Гуьмсехь 23 шо долу Устрада-гIалара Умаева Мадина. Оцу буса сихаллехь дIайоьллинера иза. Талламан комитетан тIедилларца, еллачунна эксгумаци йира.
Хьалхо хааме даьккхинера, йоьIан дакъа хьаладаьккхича цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедина хиларх, шен йоьIан дегIа тIехь муо гира шена, цундела иза йийна хиларх шеконаш ю шен аьлла. Жимачу зудчун марзхоша дIахьедора, эпилепси олуш яра иза, лазар деана елла бохуш. Кхо бер диссина Умаеван – кIант а, ши йоI а.
Хиллачун дуьхе кхиа юкъагIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Конфликтан массо а декъашхошца цо гулам дIабаьхьначул тIаьхьа, еллачун нанас Хутмата шена гечдар дийхира невце Хамидов Висхьаьжега а, цуьнан нахе а, ша "доцург" дийцарна.
Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бевллера оцу инцидентан хьокъехь бакъонашларъярхой, Умаеван гIуллакх таллар Нохчийчоьнал арахьа хилийтар доьхуш а, цунна тIехь цо шен Iуналла дар хьоьхуш.