Динах талламаш бечу азербайджанхочо Кулиев Эльмира гочйина, динан Iилманчан Ас-СаIади Iабдурахьманан Къуръана юкъарчу цхьана декъах бина тидамаш экстремистийн лерина Самарерчу кхелахоша. И гочдар кегийрхошлахь шуьйра даьржина ду. Кавказ.Реалии портало хеттарш динчу эксперташна хетарехь, "гена гIур боцуш" сацам бу.
2018-чу шарахь прокуратурано иск кховдийнера кхеле, КъорIанан кхаа декъехь долу кхетор экстремистийн ду алий, тIеэцар доьхуш. Самарерчу Красный пахарь цIе йолчу эвлан ламазан хIусамчохь и жайнаш керорах бахьана хIоьттинера ницкъаллийн структурийн белхахошна.
Цигахь гуллуш хилла, хетарехь, Шемахь тIемаш бинчу агIончийн "салафитийн баннийн" декъашхой. Иштта ю къайлахчу сервисийн верси.
Тоьшаллин кехат: динехь салафитийн агIончаш болчу нахана тIаьхьабевлла лела, Кавказехь уьш суфийх къехкарна. Репрессеш ян тарло "нийса йоцу" мажош лелош елахь а, хечийн когаш доца делахь а, ламаз дечу хенахь дIахIоттар а, охьахаар а къаьсташ делахь а. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро яздира салафиташна репрессеш ярх лаьцна.
Шайн исках кхеточу прокуратурано масех экспертиза юкъаяхийтина, амма кхелан дийцаршкахь Iарбойн мотт хуучу говзанчас "тIулг тIулга тIехь ца битира" церан жамIашкахь аьлла, дийцина Кавказ.Реалига, гIуллакх лелочу адвокато Тугушев Равила. Амма иза а тоаме дацара кхелахошна, цундела керла экспертиза ян еза аьлла цара.
"Талламаш дIахьочу говзанчашка оха хоьттучу заманчохь къаьстира, Iилманан дарж, социологин сферехь делахь а, дин толлучун бен хила йиш цахиларх. Комплексехь йина экспертиза яра иза: исламзерхо а, психолог а, лингвист а юкъахь волуш. Экспертиза еш хиллачу говзанчашлахь цхьаъ вац Iарбийн мотт хууш. Лингвистехь оьрсийн мотт бу, психологан зеделларг ду алсам, амма Iилманан дарж дац, йа публикацеш а яц. Оцу нехан хаарийн тIегIа, тхуна хетарехь, лахара ю", - дийцина адвокато.
Эксперташна хьалха 22 хаттар хIоттадайта шайга бохуш, къар ца лора адвокаташ, амма кхело прокуратурано делла 12 бен тIе ца ийцира. Оцу шийтта хаттарх а, жоьпаш эханна бен делла дац боху Тугушевс. Керла экспертиза дIаяхьийта кхел реза ца хилла.
Экстремизмна дуьхьало латторех долчу низамехь деза йозанаш лорийла дац экстремизме, дагадоуьйту Тугушевс. ХIетте а, экспертизе даьхна, оьрсийн матте гочдина Къуръана юккъера аяташ, ткъа цуьнца низам дохийна.
"Масала, экспертиза ечу заманчохь тидаме эцначу аята тIехь боху: "доттагIий ма леца жайнеша базбеш болу нах", къовларш юкъаэцна "иудейш а, керстанаш а" аьлла. Кхузахь эксперташа "доттагIий ма леца" бохург "мостагIалла леладе" бохург санна тидина. Кхайкхам бу боху иза. Бан ма бац", - дийцина адвокато.
Кхаа томах лаьттачу материлех цхьа том экстремизме ю аьлла, тIеэцна эххар а къелахоша. И жайна арахецначу "Умма" арахоьцийлан куьйгалхочо Эжаев Асламбека бахарехь, цу кепарчу Къуръан туьдучу къовсамехь зеделларг хуьлу "пайден а, иштта зене а".
Масала, оццу Кулиевн гочдарш дихкира 2013-чу шарахь Новороссийскерчу кхелан сацамца, амма дуккха а бусулба нах дуьхьалбевллачул тIаьхьа, шайн вердикт юхаийцира кхелахоша.
ХIетте а, Эжиевс билгалдаккхарца, кхелахойн "итт сацамах исс" бусулбанашкахаьа ца хуьлу. Цо бахарехь, могIарера динлелорхой дуьхьал бу Самаран кхелан вердиктна. Амма, цунна тIетатйна муфтияташ а ю. Масала, Юккъера динан урхалла.
"Оьрсийчуьрчу бусулбанашна зене ду аьлла хета царна, саIудахойн авторша арахоьцу массо а жайнаш. ХIинццалц езаш тIоьцура саIудхойн фондийн комаьршалла, ткъа хIинца уьш пачхьалкхийн дола евлла", - боху Эжиевс.
Историн Iилманийн кандидата, Москварчу дипломатийн институтан (МГИМО) Кавказан проблемийн а, регионийн кхкармзаллин а центран белхахочо Ярлыкапов Ахьмадан дешнашца, бусулбачу нахана юкъахь Iаламат даьржина долу Кулиев Эльмиран гочдарш "экстремизме" ца лору. Оцу маьIнехь аьлча, Самарерчу кхелан сацам гена гIур болуш бац, цунна хетарехь.
"КъорIан тидар ша Къуръанна гена даьлла хуьлийла дац. Бусулбанашна цкъа а хетта дац Кулиевн гочдар экстремизме. Кулиев цкъа а хилла вац экстремизм бакъъеш, йа экстремизме гIуллакхашна юкъахь а. Цундела хIара дехкар - гIулч ю, цо бусулбанашлахь резадацар мел а чIагIдо, хIунда аьлча, Кулиевн гочдарх пайдаоьцуш бу дуккха а нах, къаьсттина кегийрхорй", - дийцина Ярлыкаповс.
Ас-СаIадин Къуръанан Кулиевс дина гочдарш экстремизме лара аьлла, чукхачийна иск иштта толлуш ю Татарстанехь а. Тугушевс дийцарехь, экспертизаш ю дIахьош оцу гIуллакхан хьокъехь.