Ленинскан кIоштан декъарчу полисхоша гIалин юккъера лаьцна дIавигина Соьлж-ГIалара 33 шо долу Умаров Мовсар. Цуьнан нанас Умарова Асета бина и хаам Кавказ.Реалии портале.
Нанас чIагIдарехь, Товбеца-беттан 18-чохь лаьцна, шолгIачу дийнахь "нефтяной полке" дIавигина иза. "Ленинскан кIоштан полицин декъехь аьлла соьга, Тумсога (Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а, цуьнан гонах а лаьцна критике роликаш арахоьцу блогер Абдурахманов Тумсо) хьежна иза.
Байначу беттан 7-чохь соьга а, кхечу гергарчаьрга а телефон а тоьхна, тхо тIекхайкхинера иза латточу полке. Иттех эскархо а, Жабраил ю шен цIе аьлла, вовзийтина цхьа стаг а вара кабинет чохь. Цо элира, шайца болх бан беза сан кIанта, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчубра а ши тIемало лоцуш гIо деш", - дийцина Умаровас. Масех минотана кIант гайтира шена: йиттина лараш яцара цунна тIехь аьлла къамел динчо.
Ша шен кIанте тIаьххьара аьлла дешнаш иштта дара боху Умаровас: "Ас боху сайн кIанте: царна хьалха гора ца хIуттуш, валар тоьлу хьуна, кIант. Нагахь санна, хьо цара цхьанхьа вуьгуш хилахь, вада, амма нахана мотт ма бетта. Сий хир ду хьан а, хьан гергарчийн а".
Марсхьокху- беттан 11-чу дийнахь ГIалгIайчу вигинера боху Умаровас шен кIант, оперативан барамаш бу аьлла. Цул тIаьхьа полисхоша иза ведда аьлла, хаамбира шега.
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша информацех комментари луш яц. Урхаллан канцелярин белхахочо Кавказ.Реалиина мобилан телефон еллера пресс-секретаран Дениев Мохьмадан. Амма жоп ца делира цо а.
- Нохчийчуьра кест-кеста хеза нах лечкъорах а, кхел йоцуш таIзарш дарх а. Байначу беттан 19-чохь нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино хаамбира, Соьлж-ГIалахь меттигера пхи вахархо дIавигина аьлла. Царна хетарехь, бахьана хила тарло, кегийрхоша интернетехь динах лаьцна дина йозанаш.