ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалара вахархо шен гIоьнчас лачкъийна вац, аьлла Кадыровс


Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна.

Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, аьлла Кадыровс.

Кавказ.Реалиино яздина ма-хиллара, Товбеца-беттан I8-чу дийнахь полицино лаьцна 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла.

  • ТIаьхьо гергарчарна полисхошлахь вевзина Умаров лачкъийнарг – цара чIагIдарехь, Байтуев Мохьмад ву иза.
  • Хьалхо Байтуев Нохчийчоьнан куьйгалхочун информацин-консультативан урхаллера консультант ларалуш вара документашкахь, ткъа тIахьо хIоттина Кадыровн гIоьнча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG