ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь халкъан гуламехь дIакхайкхина, дозанал а арахьарчу Iедал бехдечу нахе жоп доьхург хиларх


Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а
Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а

Махкарчу Iедалхошна луьйш болу, Европе дIабахнарш емалбеш, гулам хIоттийна хилла Нохчийчуьрчу Ахмат-Юьртахь кхаарин дийнахь. Митингера репортаж гайтина пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь.

Гуламехь вистхиллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана догIуш дара аьлла, кIира хьалха видео тIехь ша IАДАТ оппозицин телеграм-каналца воьзна хиларна гечдар дехна, шишанна тIе хиъначу 19 шо долчу Тепсуркаев Салманна дина таIзар.

"Тхан наной а, йижарий а сийсазбеш байташ ю яржош- муха дийр дац цунна таIзар? Вай нохчий ма ду, вай даим а лардина нанойх а, йижарех а хьакхалуш дерг", - боху министро.

Хьалхо Тепсуркаевгахьа гIо доккхуш, вистхилира Британехь веха нохчийн политик Закаев Ахьмад. "Аьтто ца хилла актер" ву иза аьллачу Алхановс дIахьедира, цуьнан "нохчийн цIарах къамел дан бакъо яц" аьлла.

Дозанал а арахьа бехаш, махкарчу Iедална луьйш болчу нахера "жоп доьхур ду" аьлла, кхерамаш тийсина вице-премьеро Висмурадов Абузайда. "Ша аьллачух хIораннан а жоп дала дезар ду. ХIинццалц а дехна, Делан пурбанца, кхин дIа а доьхур ду. Вайн массеран а, Европехь, Америкехь болчийн а цхьана, доллу къоман - цхьа паччахь ву", - боху Висмурадовс.

Нохчийчоьнан Iедална критика ечу махкарчу нахана кхерам хилла ца Iаш, дозанал а арахьа бехачарна а хьал ладегIаме ду тIаьххьарчу хенахь.

  • Венина гергахь коьртах герз тоьхна вийра Товбеца- беттан 4-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критик, "Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан.
  • Шен YouTube агIонехь Умаровс яржайора Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаша Европерчу политикан эмигранташна, Ичкерин векалшна кIелонаш еш хиларх йолу информаци, шога критика йора Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхошна.
  • Кху шеран Чиллан-баттахь вийна карийра Францерчу Лилль гIалахь кхин цхьа нохчийн блогер а – Алиев Iимран. "Мансур Старый" ник яра цо интернетехь лелош. Цуьнан дегIа тIехь 135 уьрсан чов карийнера аьлла, хаийтинера Лилль гIалин прокуратурано.
  • Чиллан-беттан 26-чохь Швецехь тIелетар дира нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона. Стохка Зазадокху-баттахь республикан праламентан спикеро Даудов Мохьмада чIир кхайкхийнера Абдурахмановна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG