ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий Макронна дуьхьал: стенна тиллина Францин президентана «террорхо» цIе


Францин президент Макрон Эммануэль
Францин президент Макрон Эммануэль

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муйтийс тиллина Макронна "№1 террорхо" цIе.

Иштта ду Францин президента, шайн махкара хьехархо Пати Самуэль вийча, исламхошна-экстремисташна дуьхьал динчу шогачу дIахьедарх кхолладелла жамI: денош хьалха нохчийн жимчу стага Парижна гергахь корта баьккхира педагоган, цо шен лекци дIахьош берашна Мохьаммад Пайхамарна дуьхьал ехкина карикатураш гайтарна.

Пати веро инзаръяьккхира Франци. Хьехархочун тезета хIиттира нах эзарнашкахь. Динан экстремизм чекхъер яц Францехь, билгалдохура цара, бохура пачхьалкх маьрша республика ю, оцу новкъара ер яц, дахаран а, дешаран а бухехь цкъа а хир дац динан низамаш. Президента Макрона а дира Патин тезетахь къамел, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта.

"Пати Самюэль велла къизалла юьхьаръэцначу бертахойн карах, Iовдалаллин, аьшпийн карах, вайн хатI бIаьргадан цадезачийн карах, ма-дарра аьлча. Вай латтор бу къийсам маршонехьа а, кхетам цIанбарехьа а – иза (Пати – ред.) цуьнан васт ду хIинца. ХIунда аьлча, вай декхаре ду цунна хьалха, декхаре ду ваьшна хьалха. ХIунда аьлча, профессор, Францехь цкъа а йовр яц серло. Сий хуьлда Республикан! Сий хуьлда Францин! " – элира Макрона.

Дукхаболчу бусалба Iеламчаша а, политикаша а Макронан дешнаш исламна кхайкхийна тIом санна тIеэцна. Цхьаболчу бусалба мехкашкахь Францин президент емалво кху деношкахь. Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа "коьртанна дарбадар" хьехна Макронна:

"Кхин хIун эр ду динан маршо кхетош воцчу, шен махкахь миллионашкахь дехачу, амма кхечу динехь долчу адамашка иштта къамел деш волчу пачхьалкхан куьйгалхочух? " – тIетоьхна туркойн президента. Оцу юкъанна цо а, кхин масех политика а бусалба пачхьалкхашка кхайкхам бина Францехь дина рицкъ, духар, йийбар ца оьцуш, бойкоте даккха.

Францера иттаннаш сайташ йохийна бусалбанех болчу радикалаша-хакерша: оцу сайташка бехкина, ислам а, Мохьаммад Пайхамар а толаме кхачаве, хIаллакье Франци боху кхайкхамаш, ткъа Макрон Эммануэль виллина хьакхин вастехь.

Макронна кхерам тосуш къамелаш дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, мехкан муфтийс а.

"Гена ца волуш, йита, Макрон, провокацеш, динна лер. Ца йитахь, Iовдал сацамаш беш ваьхна президент санна вуьйцур ву хьо исторехь. Карикатураш яхкарх болу хьан хьажам бусалбанашна ца тайна ца Iа, бехкево хьо кхечу динашкахь болчу, кхетам цIена болчу наха а тIехь", - дIахьедина Кадыровс.

Францин президентах "ноьмар 1 террорхо","массо а бусалбанийн мостагI", аьлла, гуттар а генаваьлла Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь:

"Хьекъалх тиллачу профессорх "къоман турпал" а вина, леррина бусалбанаш харц новкъа баха гIерташ, ахь провокацеш лелош го суна", – дIахьедина цо.

Пати вер Францино терроран могIара диллина. Оьрсийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIа (Москвахь вина а, Франце дIабахначу доьзална тховкIело елча, цунна тIаьхьавахана а хилла иза) мачете-уьрсаца корта баьккхина хьехархочун, ша зулам деш даьккхина сурт даржийна социалан машанехула.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино харцо лору педагог вер. Адамийн бакъонийн Кхеташоно, "ирча зулам ду динарг", аьлла. ЭрдогIана дIахьедар динчул тIаьхьа Францино Туркойчуьра цIакхайкхина шен пачхьалкхан векал. Ткъа Францино шен бахархошка "ма-хуьллу сема лела" аьлла бусалба мехкашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG