2004-чу шеран Гезгамашин-беттан 1-3 чу деношкахь Бесланехь хиллачу терактехь лазийначарна ахчанца гIо дийр ду аьлла, тIелаьцна Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалхоша. ХIора шарахь дозанал а арахьа дарба оьшучарна ахча кхачор ду цара.
"Оьрсийчоьнал а арахьарчу дарбан цIийно кховдийначу бараме хьаьжжина хир ду и гIо, иштта, чоьте оьцур ю некъана йина харж а, цигахь хан яккхар а, цаторийла хилахь, цхьаьна воьдург а", - аьлла Къилбаседа ХIирийчоьнан къинхьегаман министран гIовса Мамаева Анджелас.
"15-й регион" гIирсо яздарехь, санаторин а, курортин а путевкаш лур ю царна мехкан а, федералан а бюджеташкара.
Къилбаседа ХIирийчоьнан республикан куьйгалхочо Битаров Вячеслава хьалхо дехар динера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, гIо доьхуш.
2004-чу шеран дешаран хьалхарчу дийнахь Кавказерчу гIаттамхоша, Кремлна Нохчийчохь тIемаш бен оьрсий эскарш арадахар тIедожош, дIалецира Бесланера № 1 школа.
ДIахьедарна жоп ца луш кхо де даьлча, лелхийтарш дира школа чохь. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.
Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара.
Блогеро Дудя Юрийс яьккхинчу "Беслан.Помни" филмо а, "Новая газетан" "Школа номер один" документалан кинос а дукхачу нехан терго тIеозийра Бесланерчу школехь закъалтехь латтийна, чевнашца болчу нахана.