Мехкан куьйгаллехь хийцамаш бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен гергара нах даржашкахь дIатарбина. Дуьххьара дац регионехь оцу тайпа принцип лела.
Коьртаниг – цуьнан цIийнах хилар ду, профессионализм а, белхан зеделларг а, дукхачу хьелашкахь, лоруш а дац.
Гергарлонийн зIенаш
Нохчийчоьнан министрийн кабинетан а, мехкан куьйгалхочун администрацин а кхеташонехь дийцаредира даржашка нах хIитторах.
Вице-премьеран а, юьртабахаман министран а даржехь чIагIвира Кадыров Рамзана шен йишин кIант Закриев ИбрахIим. Кхул а хьалха республикан урхалхочун администрацин куьйгалла деш вара иза.
Закриевх мукъабаьллачу меттиге хIоттийна, хIинццалц экономикан а, юкъараллан а кхерамзаллан кхеташонан секретарь хилла Кадыров Хас-Мохьмад.
Республикан секретариатан коьртехь хилла Ясаев Аламбек дIахIоттийна цуьнан метта.
Кхул а хьалха, кху шеран Чиллан-баттахь Кадыровс шен гергара нах министрийн кабинетан декъашхой бира. ХIетахь цо бакъдира, хьаькамаш дIахIитточу хенахь шен деца Кадыров Ахьмадца церан хилла гергарлонаш чоьте оьцу ша аьлла.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, урхалла дечу даржашкахь шен гергарчу нахах кхо процент бен бац аьлла, ткъа бисинарш "карахь герз долчу дакъашкахь" бу бахара.
Керла юьртабахаман министр а, вице-премьер а волу Закриев экономист ву ша. 2013-чу шарахь Москвахь университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана шен администрацин урхалле валийра иза. Цул тIахь ларийна иза премьер-министран декхарш кхочушдан а, Соьлж-ГIалин мэр хила а. Ткъа хIинца министр ву иза.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун верас волу Кадыров Хас-Мохьмад, лейтенантан чинехь волчу заманчохь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу Соьлж-ГIаларчу урхаллан хьаькамалла дан кхиира, цул тIаьхьа Устрада гIалин мэр вахийтира иза. Хьем ца беш, республикан кхерамзаллан кхеташонан секретарь хIоттийра.
Нохчийчоьнан урхаллан керла хьаькам ву Кадыров Халид. Кадрийн дефицит ю аьлла, мехкан куьйгалхочо ницкъаллийн структурашкара ("Терек" спецотрядан белхахо вара иза) дехьаваьккхина ву иза. Халид а КадыровгIеран цIийнах стаг ву.
Совбезан керла секретарь волу Ясаев Аламбек, 2000-чу шерийн юьххьехь Кадыров Ахьмадан кхерамзаллан батальонан командир вара. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан спецназан полкан куьйгаллехь вара Ясаев, цул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс вира цунах.
2007-чу шарахь оцу даржера дIаваьккхира иза. Бахьана дара, цунна хетарехь, Ойсхарара бахархой хьийзош болчу кадыровхошца йист яккха еза вай аьлла, цо бина хилла кхайкхам. Ша Ясаев Ойсхарара схьаваьлла ву.
Цуьнан ауди Iораяьллачул тIаьхьа, хIинццалц Кадыров Рамзанна уллохь, тешаме хилла иза, даржах вохийра. Бакъду, итт шо даьлча, лаккхара дарж а делла, юха а тIеозийна иза.
Кадыровс шен нах даржашка хIиттор шина бахьанаца го Американ коммерцица йоьзна йоцучу, Къилбаседа Кавказан хеттарш луьстучу The Jamestown Foundation организацин аналитикна Дзуцев Валерийна.
"Нагахь санна, Оьрсийчоьнан кхинйолчу регионашкахь Iедалхойн тIетовжийла хиларх цхьана пачхьалкхан структурашна а, институташна а, бизнесхошлахь йолчу ларамечу тобанашна а. Нохчийчохь оцу кепара структураш яц, Iедал хIаваэхь кхозуш санна ду. Республикехь цхьа партеш яц, йа демократин институташ а яц", - дIахьедо Дзуцевс.
Цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказерчу кхечу регинашкарчу урхалхошна а лаьара шайн гергара нах куьйгалле хIиттон, амма церан таро яц, Москвано а, меттигерчу Iаткъамечу тобанаша а детта дозанаш бахьана долуш. Ткъа Кадыровна оцу кепара бехкамаш беш бац, хIунда аьлча., цуьнан карахь ду доллу Iедал.
Чехерчу Карловн университетан профессорна, Къилбаседа Кавказан экспертна Сулейманов Эмильна хетарехь, шен нах тIугулбо Кадыровс экономикан кризисна тIехула, амма, шен интересашкахь.
"Шен боллу гергара нах меца ца бита а, церан экономикан хьал тодан а хьийза иза", - аьлла. тIетуьйхира Сулеймановс.
Кавказ.Реалии портало зорбане доккхучу тептарехь билгалбаьхна, махкарчу Iедалехь а, йоккхачу бизнесехь а болу Кадыров Рамзанан гергарнаш.
- Кадырова Аймани, Кадыров Рамзанан нана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" президент ю
- Кадырова Iайшат, йоккхахйолу йоI – культурин министан хьалхара гIовс ю
- Закриев ИбрахIим, йишин кIант – вице-премьер, юьртабахаман министр
- Черхигов Идрис, йишин кIант – Нохчийчуьрчу ГИБДД-н хьаькам
- Кадыров Хьамзат, вешин кIант – спортан министр
- Кадыров Висита, тIелаьцна ваша – республикан куьйгалхочун гIоьнча
- Кадырова Зарган (Черхигова), йоккхахйолу йиша –мехкан урхалхочун гIовс
- Кадырова Зулай, жимахйолу йиша – республикан куьйгалхочун гIоьнча а, цуьнан гIуллакхаш луьстучу урхаллан куьйгалхочун гIовс а ю
- Кадырова Медни, хIусамнана – "Кадыров Ахьмадан Фондан" вице-президент
- Кадыров Хьамид, деваша – юьртабахаман министран гIовс
- Байсултанов Одес,– спортан министран гIовс
- Байсултанов Идрис, шича – дешаран а, Iилманан а министр
- Дааев Абусупьян, шича – Нохчийчуьрчу "Роснефть" компанин директоран гIовс
- Кадыров Шайхмохьмад, дешича – Нохчийчуьрчу "Беркат" базаран директор
- Кадыров Хас-Мохьмад, верас – Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалхо
- Делимханов Адам, верас – Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат
- Делимханов Алибек, верас – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин куьйгалхочун гIовс
- Делимханов Шарип, верас –Росгвардиин урхалхо
- Черхигов Рамзан, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан транспортан министр
- Закриев Салман, йиша яхна нуц – Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс
- Мацуев Висхан, йоI яхна нуц– Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан куьйгалхо
- Кадыров Хожа-Ахьмад, дешича – Къилбаседа Кавказан Федералан гонийн а, Нохчийчуьрчу алимийн а Кхеташонан урхалхо
- Айдамиров Асланбек, стунваша – Нохчийчоьнан парламентан спикеран гIовс
- Алханов Руслан, йоьIан марда – Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр
- Закриев Сахьаб, йиша яхначу невцан ваша– Гуьмсан кIоштан администрацин куьйгалхо