ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФБК-н белхахо, журналист Низовцев Дмитрий лаьцна Москвахь


Журналист Низовцев Дмитрий
Журналист Низовцев Дмитрий

Москвахь Вернадскан проспектерчу ФСБ-н гIишлона гергахь лаьцна журналист, "Штаб" ютьюб-каналан корреспондент, коррупцица къийсам латточу Фондан белхахо Низовцев Дмитрий. Яздо цунах лаьцна Свобода Радионо.

Цо ша бина и хаам твиттерехь, Раменки кIоштан полицин декъехь даьхна суьрташ зорбане а дохуш. Цкъачунна хууш дац, стенна бехке вина иза.

Низовцев лацарх яздина иштта ФБК вовшахтоьхначу Навальный Алексейс а. Цо бахарехь, репортаж йоккхуш хилла журналист къайлахчу сервисийн белхахоша лаьцна, дIавигина.

Хабаровскера журналист ву Низовцев, тIаьхьа Навальныйн Хабаровскерчу штабан белхахо хилира цунах. Губернатор Фургала Сергей лаьцча бахархоша хIиттийначу протестех лаьцна цхьа могIа репортажаш йира цо. Цигахь бевзаш боцучу наха йиттина а хиллера цунна. Иштта, Беларусехь йоьлхучу протестех а дуьйцура Низовцевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG