ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна, цо кибер-тIелетарш дарна, таIзар кечдеш ю Байденан агIо


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн шина сенатора – республиканхочо а, демократо а – Трампан Дональдан администрацига дехна шайн пачхьалкхан хьукматашна шуьйрра кибер-тIелетарш дарна дуьхьал шогга жоп кечдар. Американ леринчу ницкъийн урхаллаша а, Пачхьалкхан Департаменто а чIагIдарехь, Оьрсийчуьрчу Iедалца зIе хила тарлучу хакерша зуламаш дина пачхьалкханна.

"Американ аз" радионо бечу хаамца, Американ Штатийн векалша а, эксперташа а бахарехь, лаххара а ялх штаташкарчу Iедалан хьукматийн а, эзарнаш компанийн а интернет-машанаш зуламечу кодца "бехйина" кибератакано. Амма Трамп Дональданна хетарехь, прессо сов дестийна дуьйцу цунах даьлла зулам, цо бахарехь, Оьрсийчоь ю атакина тIехьалаьтташ, хила тарло Китай а.

Республиканхочунна-сенаторна Ромни Миттна гарехь, вуно даккхийн зуламаш дина кибертIелатаро, амма Трампан "ши бIаьрг къовлало Оьрсийчоь хьахийча. Оьрсийчоь массо а маьIIера дIа дуьхьаллаьтта Американна, цундела Вашингтон кхета еза Москва шена дуьхьал болу мостагаллин ницкъ буйла, аьлла Митта.

Сенатерчу Пачхьалкхан къайлахчу сервисийн комитетан куьйгалхочунна-демократна Уоркер Марка дийцарехь, сецна яц хIинца а кибератака, билггал хууш дац цо мел зен дина. Дуьхьало яре кхойкху пачхьалкх цо а.

Керла хаьржинчу президентан Байден Джон гоно, ша болх бан болабелча, дийцаре дийр ду кибертIелетаршна дуьхьал Оьрсийчоьнна таIзар къастор.

Кремло харц до шен пачхьалкхан урхаллаша кибератакаш айъина бохург, я хьаха а ца дина ша, я хIинца а ца до иштаниг, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG