Тахана, ГIуран-беттан 31-чохь, Нохчийчуьра баьхкина мухIажирш шайн пачхьалкхера арабаха Iалашо хиллера Австрин Iедалхойн. Оцу бахьанца Венехь дуьхьалонан акци дIаяьхьнера.
"Карарчу беттан 3-чу дийнахь Австрера 27 нохчочунна депортаци йина, Москва доьдучу кемана тIе е хаийна. Тарло уьш хIинца тIехсов дукха хиларна", - аьлла, хаамбина Маршо Радион хьостано. Цо билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу масийтта шарахь, бакъо а йоцуш, Австрехь бехаш хиллера карарчу хенахь арабоху нах.
Нохчашна а, иштта ОвхIанистанера тховкIело еха баьхкиначарна а депортаци ярна дуьхьал хIоттийнера кхаарин дийнахь митинг. Акцин декъашхойн карахь дара махкара арабаха кечбинчу нехан суьрташ а, "нийсо лелор а, шайн бакъонаш Iалашъяр а" тIедожош плакаташ а.
Австрин Iедалхошкара официалан комментари яц Маршо Радион.
Лахьан-беттан 20-чохь Венехь мила ву ца хуучу стага тIелатар динера новкъахула боьлхучу нахана. Динчу терактехь виъ стаг вийнера.
ТIелеттарг нохчашца воьзна воцушшехь, Австрехь бехачу нохчашна тIеIаткъамбаш бо полицино аьлла, билгалдоккху нохчийн диаспоран векалша.