Европан Берто бехкбиллина Оьрсийчоьнна Чиллан-беттан 5-чохь цо шен дипломаташ махкахбаха кхайкхорна. Кхаа векалх цхьаъ шениг волчу Германино дIахьедина, нагахь санна сацам юхаэцна меттиг ца ягIахь, ша доггIу жоп лур ду Оьрсийчоьнна, аьлла.
Польшин, Швецин, Германин цхьацца дипломат нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно, уьш оппозиционерна Навальный Алексейна тIетайначу нехан протестан гуламе бахана хиларна.
Германино, Польшас, Швецино дIахьедина, шайн дипломаташа ца талхийна цхьа а низам, ца лаьцна дакъа магийна йоцчу акцешкахь, аьлла.
Москва вахана волчу Европан Бертан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочунна Боррель Жозепна Оьрсийчоьно дипломаташ махкахбаха кхайкхийна хилар хиина арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца къамел дечу муьрехь, хаамбина Боррелан пресс-векало. "Лаккхарчу векало бехкбиллина хиламах лаьцна шена хеззашехь" – боху пресс-векалтан дIахьедарехь.
Германино "жоп доцуш дуьтур дац" Оьрсийчоьно дипломаташ арабахар, нагахь санна цо и сацам юха ца эцахь, аьлла Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Маас Хайкос. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан сацамо "кхин а доккха зен до Европаца йолчу шен юкъаметтигашна". Канцлера Меркель Ангелас, бух боцуш ду, аьлла, Оьрсийчоьно дипломаташ махкахбахар.