Меттигерчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре кхайкхина хиллера гIалгIайн юкъараллин жигархо Хамхоев Гелани, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIехIуьттуш акци дIаяьхьначу нахана критика йинчул тIаьхьа.
"Шу адамаш ма дац, вайгара латтанаш схьадаьхначу стагехьа ара муха девр ду, - боху жигархочо, флешмобан декъахошка вистхуьлуш. - Нагахь санна, балхах, йа дешарх шаьш дахарна кхоьруш дина хIума делахь, шу янне а йоцу хIуманаш ю", - аьллера Хамхоевс, ша видео тIехь динчу дIахьедарехь, яздо "Фортанга" сайто.
2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно латтанаш хуьйцуш бинчу бертанна дуьхьал хIоттийначу митингехь дакъалацарна тIехула хьалхо дина таIзар лайна ву Хамхоев.
Магасерчу коьртачу майданахь дIаяьхьира студентийн флешмоб, Путинна тIехIуьттуш кху беттан 6-чу дийнахь. "Путин - тхан президент ву", бохуш, байракахш а лестош, акци вовшахтоьхначийн омрица маьхьарий деттара гулбеллачара, билгалдоккху "Фортанга" сайто.
Кху деношкахь Оьрсийчоьнан лаккхарчу масех доьшийлашкарчу студенташа латкъамаш бира, шаьш Iеха а дина, гулдинера Путинехьа хIоттийначу флешмобехь дакъалаца аьлла.
Москварчу Тимирязевн академин дешархошка аьлла хиллера, Оьрсийчоьнан байракхна хIоттош барам бу, ткъа Москварчу пачхьалкхан юридикан университетан студенташка аьллера, гуламан тема "ковидца къийсам латторехь лидер йолчу пачхьалкхана" тIехIоттар ю.