Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь Швецера махка валийначу UFC –латархочунна Чимаев Хьамзатана ша дуьхьал вахна Кадыров Рамзан. Доларчу бизнес-джетца иза махка кхачар Нохчийчоьнан куьйгалхочо гайтина ша нехан цIарах лелочу инстраграм-агIонехь. Кадрашкахь гуш ду кеманца спортхочуьнца цуьнан ваший бен цахилар.
"Йоццачу хенахь гIараваьллачу, похIма долчу нохчийн латархочо шена боккха ларам баьккхина Нохчийчоьнан бахархошлахь а, дуьне даьккхина болчу ММА езархойшлахь а. Амма могашалла бахьана долуш хIиттинчу проблемашца доьзна шен карьера ерзо дагахь вара Хьамзат", – яздо видео бухахь Кадыровс.
Кема гIаттале Швецехь цунна уллехь сурт даьккхина Чимаевн. Иза ца тайна цхьаболчу хьовсархошна.
"Кхузза бен летта а вац, ткъа лела чемпион санна, ишттаниг шена МакГрегора а ца магадо (ирландхо, UFC-хь чемпион лаьттина спортхо – редакцин билгалдаккхар)", - боху суьрта буха комментари хIоттийначу цхьамма.
Хьалхо хаамийн гIирсаша даржийра, Хьамзата халонца лайна коронавирус, оцу бахьаница шозза юкъахдитина латар, аьлла. Зазадоккху-беттан юьххьехь нохчийн спортхочо дIахьедира, ша спорт юьту, аьлла, могашаллица дуьйзира иза.
Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочунна профессионалан тIегIанехь виса веза аьлла хета Чимаев. Цунна пайде хила декхар ду "цIена хIаваъ, даймохк, токхе кхача, говзанчийн терго".
"Дерриг а нохчийн халкъ дара цунна сагатдеш, суна а ца лаьара Хьамзат иштта атта юхаволийла, октагоне вийлар дуьтийла. Со цуьнца ву, ас аьлла цуьнга, ницкъ гул а бе, куьйгаш охьа ма дахийта. Делан лаамца цамгар ерриг а юхаер ю, толур ву кхоччуш, аьлла ас цуьнга. Со теша, лоьрех чекхваьлча, реабилитаци йича, иза хьалхалеррачу кепе вогIург хиларх, юха а цо толамаш бохург хиларх", - комментари йина Кадыровс спортхо махка кхачоран хьокъехь.
- ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла Чимаев, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца.
- Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.