ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бехкзуламан гIуллакх долийна Закаев Ахьмадна дуьхьал


Закаев Ахьмад Брюсселерчу гуламехь
Закаев Ахьмад Брюсселерчу гуламехь

Нохчийчоьнан Талламан комитетан ТIехьа-Мартанарчу декъо бехктакхаман гIуллакх долийна мухIажарна Закаев Ахьмадна дуьхьал. Иза бехкевина, цуьнан материалашкахь террор къобалъеш билгалонаш хааелла аьлла.

Юьцург ю Дечкен-беттан 21-чу дийнахь Akhmed Zakaev цIарца лелочу ютюб-канале яьккхина, нохчийн гIаттамхой байъарх лаьцна Закаевн "Сиха дIахьедар 20.01.2021" аьлла видео. Оцу материалех, говзанчаша динчу хьесапашца, ницкъ бан адам гIаттош бина кхайкхам бу. Контекстехь къаьсташ ду, Оьрсийчоь а, оьрсийн бахархой а вовшашца ийна хила луучу, оцу тIехь болх бечу нохчашна дуьхьал зуламаш дар хьоьхуш хилар, яздо махкарчу хаамийн гIирсаша.

Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадыровна улле хиъна ву йоьдучу машена чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид – цо куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна де хьалха ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу элира кхелхинарш.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дира пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила а, Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис а нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.

Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.

"Карарчу хенахь Британехь вехаш ву террорхо Закаев Ахьмад, цигахь политикан тховкIело елла цунна, цигара схьа дуьхьало а йоцуш, дуьненаюкъара терроризм къобалъеш, схьавогIуш ву иза. Цуьнца доьзна дехар до хьоьга, лараме Сергей Викторович, Британина протестан нота кхайкхор, дуьненаюкъарчу бакъонца а, Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, террорхочунна Закаев Ахьмадна экстрадици яйта барамаш лелабахьара ахь", - аьллачу депутатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

  • Дечкен-беттан 20-чохь Соьлжа-ГIалина 30 километр юьстах йолчу Котар-Юьртанна гергахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна амир Бютукаев а, цуьнца хилла 6 стаг а. Президентан Масхадов Асланан гонехь тIемаш бина а, хенан йохалла Ичкерин дуьхьалонан ницкъийн коьрте хIоьттина а стаг вара Бютукаев.
  • Закаев Ахьмад – вевзаш волу нохчийн политик, карарчу хенахь веха Британехь. Дозанал арахьа Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан хьалханча лору иза нохчийн цхьана декъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG