ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Машаре концлагерь". Владимир гIалина гергарчу №2 набахте кхачийна Навальный


Оппозицин политик Навальный Алексей Владимир гIалина герга йолчу Покроверчу №2 набахтехь ву. Оцу хьокъехь хаам баржийна цуьнан инстаграмехь а фейсбукехь а шен Навальныйн цIарх.

"Маршалла ду массаьрга «чIагIбинчу тергаман А секторера». Ала деза, Оьрсийчоьнан набахтийн системан аьтто баьлла со цецваккха. Суна ца моьттура Москвана I00 километр бен юьстах йоцчу меттехь бакъйолу концлагерь хир ю" – яздина Навальныйс. Сурт хIоттийна шен баьшна корта а болуш – текстехь бахарехь, дукха хан йоццуш баьшна цуьнан корта. Амма хIоттийна сурт дац набахтехь даьккхина, 10 шо сов хан ю суьртан.

Навальныйс дуьйцу шен набахтерчу дахарх лаьцна, бакъдо прессехь яздийриг – боккхачу тергамна кIел ву иза: " нах оццул оьзда бистхуьлу меттиг суна дага а ца йогIу, хьан-сан долуш, цхьана маьIнехь аьлча". "Ас олу кху сайн керлачу хIусамах - „тхан машаре концлагерь“

  • Администрацино набахтера низам, дийнан раж ларъяр тIедожадо: "маьттаза мотт, жаргонера дешнаш дихкина ду ала. Иза вуно чIогIа лар а до. Чохь боьха мотт буьйцуш йоцу набахти хир ю аьлла а хетарий шуна? Къаьххьа де ду-кх".
  • "видеокамераш ю массанхьа а, тергалво массо а, низам кIеззиг а талхошшехь, рапорт хIоттадо".

Навальныйс ца яздо ша маца кхачийна набахте.

Хьалхо Навальныйн адвоката Кобзев Вадима хаийтира иза, шегахь йолчу информацица, набахте дIакхачийнийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG