ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо реза вац шена динчу тIелатарна тIехьа Кадыров лаьтташ хилар ца къастаделла бохучунна


Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос, апелляцин кхело шена тIелатар дар луьстуш, зуламан декъашхочунна тоьхна хан яцъеш бинчу сацамна дуьхьал арз чулур ду. Оцу хьокъехь цо дIахьедина шен ютуб-каналерчу эфирехь, яздо "Кавказский узел" газето.

Абдурахманов реза вац Нохчийчоьнан куьйгалла зуламан декъахь хилар къаста ца делла аьлла арахецначу керлачу сацамна. "Гарехь, аппеляцин кхело Кадыров Рамзан къерахиларе сатийсина", – бегашбо блогеро.

Денош хьалха Швецин аппеляцин кхело хьалхарчу инстанцин сацам хуьйцуш, 8 шарера 1,5 шаре яцйина тIелатархочунна гIодинчу Шапиаева Эльмирина набахтехь такха тоьхна хан. "Стаг вен гIоьрташ аьтто барна" цIе йолу бехк хийцина тIазар лахара кхачочу "бехк базлучу хьолехь тIелатар дан аьтто барна" олучу бехкаца. Ткъа тIелеттачу Мамаев Русланна тоьхна хилла 10 шо дIадахдина кхин а шина шарна.

Хьалхарчу инстанцино бинчу сацамо бохура, Абдурахмановна тIелатар динчарна тIехьа алссам таронаш йолу ницкъ лаьтта – нийсса дIа ца аьллехь а, Нохчийчуьрчу Iедалан агIор беш къастам бара иза - амма хIинца и сацам юхабаьккхина.

  • Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
  • И кхел чекхъялла а йолуш, Абдурахмановн Германехь вехачу вешина Мохьаммадна ян кечйина а хиллера кIело. Цо ша дийцарехь, иза вер тIедиллина хилла Кадыров Рамзанан шича ву олучу Эдельгериев Паруддина. Германин криминалан полици ю и хилам толлуш.
  • 2020-чу шарахь Кадыров Рамзанна критика ярна кIело йинчу кхааннах ву Абдурахманов Тумсо, ша цхьаъ ву царех дийна висинарг. Стохка аьхка вийра Австрехь веха блогер Умаров Мамихан ("Венера Анзор"). Цул масех бутт хьалха Францехь урс диттина вийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун критик Алиев Iимран ("Мансур Старый").

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG