Телевиденехь могашаллах лаьцна программа лелочу Малышева Еленина Роспотребнадзоре арз хьажийна Пачхьалкхан Думехь компартех депутат волчу Рашкин Валерийс, цо Нохчийчохь COVID-19 эшийна хьал ду аьлла эфир йинчул тIаьхьа, хаам бо РБК-но.
Депутата доьху "Вахар ирс ду! " ("Жить здорово!") цIе йолчу программехь Малышевас медицинан масканаш лелоро уьнах болу кхерам лах ца бо алар зерашка диллар. Оцу сюжетехь Малышевас, кема Нохчийчу кхаьчча, боху: "Ирсан гIайре масканаш а йоцуш еха!"
Коьрта санитаран лоьран сацамца, масканаш лелор тIехь ду ерриг а Оьрсийчоьнан бахархошна, боху ша Роскомнадзоре динчу дIахьедарехь Рашкина. Депутатна хетарехь, "масканийн режим латтор цхьатерра ца тидаро, и режим кеп-кепара ларъяро хаъал дардо халкъ".
- Чиллан-беттан 10-чохь Нохчийчохь юхадаьккхина масканаш лелорах долу омра. И сацам дIахьебира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Эпидемиологин ситуаци "дикачу агIор ерзарна" веара иза шен сацаме.
- Нохчийчуьрчу официалах тешча, коронавирусах Iалашъяларца Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхарчех ю республика. Амма оцу юкъанна Росстато довзийтинчу терахьаша гойту Оьрсийчоьнан мехкашна юкъахь адамаш хьалхачул дукха даларца Нохчийчоь лидер хилар.