ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино схьавелла Гадаев Мохьмад маьрша ву


Францино Оьрсийчу депорт йинчул тIаьхьа, къайлахчу сервисийн белхахоша Москварчу "Шереметьево" аэропортехь латтийна Гадаев Мохьмад маьрша ву аьлла, хаам бина "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игоря.

"Кхелан сацам бохош, бакъо йоцуш тахана Францино шайн пачхьалкхера араваьккхина Гадаев Мохьмад, ФСБ-н белхахоша 12 сахьтехь лаьцна латтийначул тIаьхьа дIа хецна. Стенна латтош ву иза, мича буха тIехь бертаза сецаво аьлла, хаьттича, оцу 12 сахьтехь дозанхойн контролан белхахошкара жоп дацара", - яздина Каляпина шен фейсбукерчу пена тIехь.

Москва кхаьчча Шереметьево аэропортан депортацин секторехь латтийра Гадаев, доьзале вистхила бакъо а ца луш. "Новая газето" яздарехь, Оьрсийчохь кема охьадоьсичхьана, цунна юург елла а ца хиллера.

Гадаевс дийцина журналисташка, масех сахьтехь шега хеттарш дарх кеп-кепарчу ницкъаллийн структурийн белхахоша, Оьрсийчуьра дIавахаран а, Францино депорт яран а бахьанаш хоьттура цара аьлла.

ФСБ-н дозанхойн урхаллао дIахьедина Гадаевга, "шайн бина барт бу, иза вехачу Нохчийчу дIахьажон" аьлла, яздина ду публикацехь.

"Новая газето" чIагIдарца, хIинццалц схьа толлучу, нохчийн полисхошна дуьхьал айдинчу бехктакхаман гIуллакхехь, теш ву Гадаев Мохьмад, цуьнан дахарна кхерам бу.

Маршо Радионо яздира пIераскан дийнахь, Францера Оьрсийчу дIахьажийна Нохчийчуьра мухIажар Гадаев Мохьмад аьлла. Ша депортацин лагерера кемана хаон масех сахьт дуьсуш, протест кхайкхош, шен гай цистира цо.

Iуьйранна нохчийн тоба яханера Гадаев лаьцна латточу депортацин лагерь лаьттаче, цара доьхура пачхьалкхе цунна депорт цаяр, амма гулбеллачарна, пандемин карантинан хьелаш талхорна гIуданаш диттира.

2010-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара Гадаев. Нохчийчохь лачкъийна вигина иза, ницкъаллин структуран декъа тIехь латтийра. ТIаьхьо аьтто белира цуьнан набахтера аравала а, пачхьалхкера дIаваха а. Францехь 11 шо даьккхина Гадаевс.

  • Гадаев Мохьмад "Барт Маршо" боламан урхаллин а, "Европерчу нохчийн ассоциацин" а декъашхо ву. Францойн хьехархо Пати Самюэль вийча полицино алссам тергоне эцначу нохчийн деаспорех хилар дара 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь иза лацар.
  • Цул тIаьхьа Гадаев депортацин лагере хьажийра. Цунна коронавирус кхетарца доьзна сацийра цуьнан депортацех йолу процесс. ТIаьхьо хиллачу кхело юхаяьккхира депортаци: адвокат Тулуз Арнос тоьшаллаш далийра Гадаев Оьрсийчохь набахтехь хьийзийна хиларх а, кхечу наханна тIехь доцург кхолла декхаревеш таIзарна бухахь валлийна хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG