ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино депортаци йина Гадаев Мохьмад Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан полицехь ву


Францино депортаци йинчул тIаьхьа Новый Уренгой гIаларчу полицино Нохчийчоьнан ницкъхошка дIавелла хилла Гадаев Мохьмад лаьцна кхобуш ву Хьалха-Мартанарчу полицехь, хаам бина Оьрсийчуьрчу Human Rights Watch цхьаьнакхетараллин векала Локшина Татьянас, адвокатна тIе а тевжаш.

Цо бахарехь, адвокат ца витина Гадаевна тIе, яздо "Кавказский узел" газето.

"Гергарчаьргара таханенна (Охан-беттан 13-чохь - Ред.) йолчу информацица, Гадаев ницкъхоша Закан-Юьртарчу шен ден хIусаме валийна. Магийна ненаца доцца къамел дан. Цара тешийна цуьнан нана, иза лаьцна латтош велахь а, цунна цхьа а зен дийр дац, аьлла. Цул тIаьхьа дIавигина. Гергарчарна некъ битина Гадаевн хьокъехь Хьалха-Мартанарчу полицица юкъарло лелон", - аьлла Локшинас.

Цуьнгахь йолчу информацица, адвокат Цветков Семен Соьлжа-ГIалахь ву, де даьккхина цо Гадаев лохуш, амма ницкъхойн цхьана а урхалло ца довзийтина депортаци йинчух дерг.

Гадаевца хиллачо гойту, кхечу мехкашкара Оьрсийчу юхахьийсош болчу мухIажаршна цхьа а кхерамзалла йоцийла, уьш маьршша баха йиш йолуш боцийла, нагахь санна кадыровхойн цаьрга цхьа претензи хилахь, билгалдаьккхина Human Rights Watch-н векала.

  • Гадаев араваьккхира Францера Оханан-беттан 9-хь. Цул хьалха иза латтош вара депортацин набахтехь.
  • Москва схьакъаьчначул тIаьхьа адвокаташна а, юкъараллин жигархошна а масийтта сахьт ийшира, Шереметьевохь нохчо дIахецийта. Цигахь иза лаьцна латтош бара ФСБ-н белхахой.
  • Оханан-беттан I0-хь Гадаевс ша ларвахьара аьлла дехар дира Керлачу Уренгойрчу полисхошка. Оцу гIала иза кхаьчнера, шен ваша волчехь саца дагахь.
  • Гадаевн полице гIо деха дийзира, ша волу хIусам кадыровхоша гоне лаьцначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG