Пачхьалкхан Думан спортехула йолчу комитето къобалдина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна футболан "Ахмат" клуб гIуданех мукъаяккхар а, цунна финансийн гIо кхачор а.
Цхьаьнатоьхначу Штаташа сакцеш кхайкхийначул тIаьхьа спонсорш боцуш йисина "Ахмат" клуб, оцу комитето бахарехь, яздо "Медуза" портало.
Думера спортан комитет лерина ю дехар Оьрсийчоьнан министрийн кабинете кхачон.
- 2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйира футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а.
- Ютубо дIакъевлира хьалхо футболан "Ахмат" клубан а, латарш дIахьочу Absolute Championship Akhmat хьукматан а каналаш.
- 2020-чу шеран Мангал-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзан язвира санкцийн тептара. Кхочу санкцийн таIзар цуьнан зудчунна Кадырова Меднина а, шина йоIанна Iайшатна а, Каринина а.